Skip to content
Opens in a new window

[1] Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву.

[2] Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.

[3] Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо.

[4] Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо.

[5] Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу.

[6] Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.

[7] Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо.

[8] Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо.

[9] Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.

[10] Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу.

[11] Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу.

[12] Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта.

[13] Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву – цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла.

[14] Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду.

[15] ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.

[16] Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду.

[17] ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.

[18] Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург.

[19] Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до.

[20] Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул.

[21] Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву.

[22] ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до.

[23] Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду.

[24] Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза.

[25] Адамех кхерар – стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.

[26] Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду.

[27] Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша.

Кицанаш — Chapters