Skip to content
Opens in a new window

[1] Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме.

[2] ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду.

[3] Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу,

[4] амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу.

[5] Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу.

[6] Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до.

[7] Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала.

[8] Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта,

[9] хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а.

[10] Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду.

[11] Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду – хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа.

[12] ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура!

[13] Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура.

[14] Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!»

[15] Хьайн гӀу чуьра мала хи – хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи.

[16] Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те?

[17] И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш.

[18] Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа.

[19] Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим.

[20] Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара?

[21] Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо.

[22] Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво.

[23] Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.

Кицанаш — Chapters