Skip to content
Opens in a new window

[1] Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь,

[2] ахьа хьайн дешнех хьайна гур боьгӀнехь, ахьа-айхьа аьллачо хьо дӀалаьцнехь,

[3] хьо мукъавалархьама хӀара де, сан кӀант, хьайн уллорачун кара хьо вахана дела. Ваха а гӀой, хьо юьхьӀаьржачу хӀотта, айхьа дош делла волчу стаге дехар де, хьо цу дашах мукъаваккха алий.

[4] Хьайн бӀаьргашка наб а ма яйта, цаьрга са а ма даӀийта.

[5] Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дӀакъахка. РечӀанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кӀелхьарвала.

[6] Зингат долчу гӀо, малонча, цо деш долчуьнга а хьажий, хьекъалалла долуш хила.

[7] Цуьнан я хьаькам а вац, я хьалхаваьлла лелаш верг а вац, я олахо а вац,

[8] амма аьхка цо шена рицкъа Ӏалашдо, ялта чудерзочу хенахь цо шена кхача гулбо.

[9] Мел Ӏуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина?

[10] «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву».

[11] Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.

[12] Мекара хӀилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела.

[13] Цо бӀаьргаш а теӀабо, хичаш а йо, куьйган эшарехь къамел а до, нах лебан гӀерташ.

[14] Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош.

[15] Амма цӀеххьана цунна тӀе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чӀогӀа кӀелвуьсур ву иза.

[16] Везачу Элана ца дезаш ялх хӀума ду, аьлча а, ворхӀ ду Цунна дегаза хетарг:

[17] кура бӀаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цӀий Ӏенош долу куьйгаш а,

[18] шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хӀуманна тӀебовда кийча болу когаш а,

[19] кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а, вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а.

[20] Сан кӀант! Хьайн ден весеташ ларде, ненан хьехамаш дӀа а ма татта.

[21] Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде.

[22] Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу.

[23] Хьан ден-ненан весеташ – хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТӀехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо.

[24] Церан хьехамаша хьо, нахаца лелаш йолу зуда йолчу воьдуш, сацаво, шен майра а витина, лелаш йолчу зудчун хазачу хабарех лар а во.

[25] Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта,

[26] хӀунда аьлча кхахьпанан мах баьпкан юьхканчул бен бац, амма нехан долахь йолу зуда бахьана долуш хьо хьайн дахарх а вала тарло.

[27] Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тӀера коч а ца ягош?

[28] Цхьа а стаг догуш долчу кӀегашна тӀехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош?

[29] Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дӀа ца къаьхкинарг таӀзар ца хуьлуш вуьсур вац.

[30] Къуьне цабезам ца кхоллало, цо, меца хиларна шен гай дузорхьама, хӀума лачкъийча.

[31] Амма схьалаьцначул тӀаьхьа, цо ворхӀазза дукха юхадала деза, шен цӀийнан берриг а бахам дӀабала цуьнан дезахь а.

[32] Шен йоцучу зудчуьнца лелачун кийрахь дог дац, цу тайпана лелаш волчо шен са а хӀаллакдо.

[33] Еттар а, юьхьӀаьржачу хӀоттар а кхочур ду цуьнга, цуьнан эхь цкъа а дӀадайина хир дац.

[34] Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагӀчух къинхетам бийр бац.

[35] Цхьа а гӀуда цо дӀаоьцур дац. Шена ло совгӀат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна.

Кицанаш — Chapters