Skip to content
Opens in a new window

[1] Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду.

[2] Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту.

[3] Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду.

[4] Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу.

[5] Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг – шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш.

[6] Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу.

[7] Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо.

[8] Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал.

[9] Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху.

[10] Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу.

[11] Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а – Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а.

[12] Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду.

[13] ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара.

[14] Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву.

[15] Паччахьан сирлачу хьажарехь – дахар ду, цуьнан дика хилар – бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду.

[16] Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду.

[17] Дикачу нехан некъ – вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо.

[18] Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту.

[19] Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул.

[20] Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву.

[21] Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу.

[22] Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до.

[23] Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу.

[24] Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду.

[25] Стагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.

[26] ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту.

[27] Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду.

[28] Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу.

[29] Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу.

[30] БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина.

[31] Къежвалар – сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза.

[32] Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу.

[33] Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю.

Кицанаш — Chapters