[1] ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву.
[2] Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту.
[3] Къовсаваларх ларвалар – лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву.
[4] Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац.
[5] Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало.
[6] Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду.
[7] Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду!
[8] Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу.
[9] Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»?
[10] Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а – ший а Везачу Элана дегаза хета.
[11] Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула – цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула.
[12] ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а – ший а Везачу Эло кхоьллина ду.
[13] Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза.
[14] Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до.
[15] Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду.
[16] Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча.
[17] Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту.
[18] Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила.
[19] Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила.
[20] Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю.
[21] Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац.
[22] «Ас бекхам бийр бу вон диначунна», – ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву.
[23] Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь.
[24] Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара?
[25] Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю.
[26] Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю.
[27] Стеган са – Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло.
[28] Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо.
[29] Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов.
[30] Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо.