[1] Ӏеса стаг ведда лела, шена тӀаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу.
[2] Махкахь адам карзахдаьлла лелачу хенахь, дуккха а куьйгалхой гучубовлу, амма хьекъалалла а, кхетам а болчу куьйгалхочуьнца и мохк лаьттар бу.
[3] Миска нах хьийзош волу къен куьйгалхо тӀехь хӀума хьалаяьлла долу латта дӀахьош долу догӀа санна ву.
[4] Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву.
[5] Вон нах нийса долчух ца кхета, амма Веза Эла лохуш берш цу дерригенах а кхета.
[6] Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел.
[7] Хьекъал долчу кӀанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кӀадбоцучарна улло гӀерташ волчо шен да юьхьӀаьржачу хӀиттаво.
[8] Ахчанна тӀе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дӀакхочур ду.
[9] Товрат-хьехаме ладогӀа хьан лаам ца хилахь, хьан доӀа а Везачу Элана дегаза хетар ду.
[10] ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду.
[11] Хьалдолчунна ша хьекъалалла долуш ву аьлла хета, амма хьекъал долу къениг цунах доллучух кхетар ву.
[12] Хьанал стаг куьйгалле веача, массо а воккхавеш хуьлу, амма Ӏесаниг хьалаваьлча, массо а къайлаволу.
[13] Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.
[14] Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тӀе бала бахьар бу.
[15] Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу.
[16] Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву.
[17] ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.
[18] Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву.
[19] Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.
[20] Бакъволчу стагана диканиг дийр ду, ткъа хьолана тӀаьхьаваьлла лелаш волчунна бекхам хир бу.
[21] Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло.
[22] Сутарчу стеган Ӏалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю.
[23] Стагера даьлла гӀалат цуьнга дӀадийцинарг тӀаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал.
[24] Цхьаболчара дений, нанний къола до: «Иза къилахь дац», – бохуш. И нах, адамаш дойу зуламхой санна, вон нах бу.
[25] Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тӀетевжачо дика хьоьгу.
[26] Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву.
[27] Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо.
[28] Ӏеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хӀаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу.