Skip to content
Opens in a new window

[1] Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху.

[2] Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу.

[3] Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман.

[4] Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо.

[5] Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву.

[6] Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа.

[7] Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц.

[8] Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу.

[9] Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза.

[10] Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву.

[11] Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна.

[12] Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза.

[13] Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу.

[14] Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу.

[15] Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта.

[16] КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул.

[17] Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул.

[18] КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо.

[19] Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу.

[20] Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела.

[21] Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела.

[22] Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду.

[23] Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а!

[24] Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама.

[25] Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо.

[26] Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду.

[27] Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву.

[28] Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу.

[29] Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду.

[30] Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо.

[31] Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю.

[32] Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо.

[33] Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу.

Кицанаш — Chapters