[1] Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде.
[2] Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе.
[3] Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш.
[4] Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала.
[5] Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух – эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.
[6] Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара.
[7] Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна.
[8] Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара.
[9] Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара.
[10] Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра.
[11] (Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц.
[12] Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.)
[13] И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира:
[14] «Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду,
[15] цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо.
[16] Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш.
[17] Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна.
[18] Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ,
[19] хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла.
[20] Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац».
[21] Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира.
[22] Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна,
[23] шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна – иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.
[24] Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе.
[25] Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела.
[26] Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу.
[27] Цуьнан цӀа – эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.