[1] Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо.
[2] Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета.
[3] Сонтачу стага бохург – шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво.
[4] Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду.
[5] Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту.
[6] Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо.
[7] Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна.
[8] Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла – Ӏехор ю.
[9] Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду.
[10] Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац.
[11] Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду.
[12] Стагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу.
[13] Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу.
[14] Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду.
[15] Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу.
[16] Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела.
[17] Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза.
[18] Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу.
[19] Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду.
[20] Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу.
[21] Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву.
[22] Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву.
[23] Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу.
[24] Хьекъале волчун таж – хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу.
[25] Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво.
[26] Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю.
[27] Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво.
[28] Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю.
[29] Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту.
[30] Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо.
[31] Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву.
[32] Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю.
[33] Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту.
[34] Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю.
[35] Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу.