[1] ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама,
[2] хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш.
[3] Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь,
[4] сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха.
[5] Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала.
[6] Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна.
[7] Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь – хьекъал каро гӀорта.
[8] Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду.
[9] Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду».
[10] ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду.
[11] Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо.
[12] ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац.
[13] Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса – цаьрца ду хьан дахар.
[14] Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло.
[15] Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала.
[16] Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц.
[17] Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу.
[18] Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ.
[19] Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна.
[20] Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа.
[21] Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш,
[22] хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду.
[23] Уггар а коьртаниг – хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду.
[24] Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта.
[25] Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла.
[26] Хьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду.
[27] Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.