[1] Хьекъалалла-м дац те и кхойкхург? Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг?
[2] Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь, некъаш вовшахкхетачу меттехь.
[3] Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху, неӀарна чуволучу меттехь:
[4] «Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш, массо а нахе кхойкхуш ду сан аз!
[5] Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш. Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш.
[6] ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду, сан багахула арадовлу дешнаш – цӀеначу дагара ду.
[7] Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду, ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю.
[8] Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду, цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.
[9] Кхетам берг цу дешнех дика кхета, иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета.
[10] ДӀаэца сан хьехамаш детин метта, хаарш харжа цӀеначу дешин метта,
[11] хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна, лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна.
[12] Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна, ткъа хаар а, къастор а карадо суна.
[13] Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду. Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза, иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна.
[14] Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду. Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу.
[15] Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до, соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.
[16] Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а, иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а.
[17] Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду.
[18] Соьгахь бу бахам а, сийлалла а, телхар йоцу хазна а, нийсо а.
[19] Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду, сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу.
[20] Со нийсонан некъаш тӀехула лела, аса бакъдолчун тачанаш лоху.
[21] Со дезачарна ас хьал ло, церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу.
[22] Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.
[23] Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна, юьхьанца, дуьне а кхоллале.
[24] Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале, иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале.
[25] Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале,
[26] латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале.
[27] Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара, Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а,
[28] иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а, хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара.
[29] Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш, Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а, лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а, со цигахь дара.
[30] Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна. Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь, массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь.
[31] Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со, иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.
[32] Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга. Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш!
[33] ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале, цунна уллора дӀа а ма довла.
[34] Декъала ву соьга ладугӀуш верг, сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а, сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг.
[35] Со мел карийначунна дахар карийна, Везачу Элера дика а хир ду цунна.
[36] Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву. Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву».