[1] Ша кхечарах дӀакъастийнарг шена луъург дан лууш хуьлу. Хьекъал мел дерг дӀатотту цо.
[2] Сонта стаг хӀуманех кхета лууш ца хуьлу – шен хьекъал дӀагайта бен лууш вац иза.
[3] Ӏеса стаг схьавеача, дола хетар а цунна тӀаьхьа догӀу, ткъа сийсазаллица цхьаьна юьхьӀаьржо а хуьлу.
[4] Хьекъалалла долчу стеган дош, кӀоргачу хи чуьра санна, схьадолу, цу дешан бух хьекъалаллин татол чуьра хьалаболуш бу.
[5] Кхел ечу хенахь дика дац Ӏесачу стагана озабезам гайтар, и хӀума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.
[6] Сонтачу стеган багано дов доккху, цо аьлларг бахьана долуш буй тохар а хуьлу.
[7] Сонтачу стеган мотт – цуьнан дакъазавалар бу, цо мел олург – цунна хӀоттийна гур бу.
[8] Эладитане дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.
[9] Балха тӀехь мало йийриг а, хӀуманаш йохош верг а цхьана доьзалера ву.
[10] Веза Эла – дика йина бӀов санна ву: хьанал стаг, Цунна тӀе кхаьчча, кхерам боцуш хуьлу.
[11] Хьал долчун бахам чӀагӀйина гӀала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хӀоттийна боккха пен санна хета цунна.
[12] Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тӀаьхьа стеган сий хьаладер ду.
[13] ХӀумане ла а догӀале жоп луш волу стаг сонта ву, цунна тӀе эхь догӀу.
[14] Стеган сино, иза цомгуш хилча, цу цамгарх тола ницкъ ло, амма доьхна са лалург мила хир ву?
[15] Хьекъал долчу стеган даго хаарш лоху, шен лергашца хааршка ладогӀа кийча ву иза.
[16] Стага деллачу совгӀато цунна хьалха некъ дӀабосту, цуьнгахула баьччанашна хьалха хӀотта мегар ду цунна.
[17] Хьалха вистхилларг массарна а бакъ хета, кхин цхьаъ схьа а веана, шен хаттаршца шеко кхолла волаваллалц.
[18] Кхаж тасарца къовсам а къастабо, хьалдолчеран дов а сацадо.
[19] ОьгӀазвахана волу доттагӀа меттавало хала ду, чӀагӀйина гӀала яккхарал а. Вовшашца даьлла дов гӀалин кевнна тоьхначу догӀанал а чӀогӀа хуьлу.
[20] Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Ӏебар ву иза.
[21] Дахар а, Ӏожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тӀаьхье тӀелаца а кийча хила веза.
[22] Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю.
[23] Къен стаг дехар деш вистхуьлу, ткъа хьалдолчун жоп кӀоршаме хуьлу.
[24] ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.