[1] Кханалера де ма хестаде, хӀунда аьлча хьуна ца хаьа цо хӀун дахьа.
[2] Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш.
[3] ТӀулг беза бу, гӀум а яц яйн, амма сонтачу стага бахьа бала лан кхин а хала ду.
[4] ОьгӀазалла къиза ю, дералла а хи тӀедалар санна ю, амма мила латталур ву хьегарна хьалха?
[5] Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал.
[6] Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю.
[7] Вуьзначу стага моз а дӀатоттур ду, амма меца волчунна къаьхьаниг а мерза хетар ю.
[8] Шен цӀенна генаваьлла волу стаг бенна генадаьлла лела олхазар санна ву.
[9] ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар – иза доттагӀаллин марзо ю.
[10] Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а.
[11] Хьекъале хила, сан кӀант, сан дог доккха а дедеш, тӀаккха суна халахетийтиначаьрга ала хӀума хир ду сан.
[12] Хьекъал долчо бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа боданера нах нийсса цунна тӀебоьлху, тӀаккха цунна тӀера жоьпе а озор бу уьш.
[13] Хийрачу стагах адамо ша дош делча, цунах бедар яккха. Закъалтана йита иза, нехан зудчух цо жоп луш хилча.
[14] Ӏуьйранна хьалххе доккхачу озаца уллорачуьнга маршалла хаттахь, иза цунна шена неӀалт кхайкхор санна хетар ду.
[15] Къийсалуш йолу зуда кхоьлинчу дийнахь леда ладар санна ю.
[16] Иза сацо гӀортар мох сацо гӀортар санна ду, я шен шина куьйга юкъахь даьтта сацо гӀортар санна ду.
[17] Аьчка урс эчигна тӀе хьокхуш ирдаре терра, цхьана стага кхечу стеган аьрталла дӀайоккху.
[18] Инжиран диттан дола деш волчо цуьнан стом буур бу, ткъа шен олахочун гӀуллакх деш волчун сий а хир ду.
[19] Стаг хи чу хьаьжча, цунна шен сибат го, иштта адаман даго и стаг ма-варра схьагойту.
[20] Эхарт а, хӀаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Ӏаьбна цахиларе терра, адаман бӀаьргаш а ца Ӏеба.
[21] Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам.
[22] Сонтаниг кохьар чохь кӀенца цхьаьна аьхьча а, цуьнан сонталла дӀаяккхалур яц.
[23] Хьайн жашна дикка тӀехьажа, хьайн бажа леррина Ӏалашбе,
[24] хӀунда аьлча хьал массо а хенахь ца лаьтта. Ур-атталла таж а массо а хенахь ца кхочу кхечу тӀаьхьенна дӀа.
[25] Йол а хьаькхна, керла буц хьалайолучу хенахь, лаьмнашкарчу цанашна тӀера буц схьахьаькхначу хенахь,
[26] Ӏахарех хьуна тӀеюху хӀума хир ю, ткъа гезарех – кхаш эцар хир ду.
[27] Хьо а, хьан доьзал а кхаба а, иштта хьан гӀарбашаш дийна хилийта а тоъал гезарийн шура хир ю хьан.