[1] Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде.
[2] Хьекъалалле ладогӀа, цунах кхета а хьажа.
[3] ХӀума къасто хаар деха хьайна, гӀуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде.
[4] Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дӀалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тӀаьхьаваьлла лелахь,
[5] Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хӀун ду хьуна хуур ду.
[6] ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу.
[7] Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву.
[8] Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо.
[9] ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу.
[10] Хьан даг чу хьекъалалла а дуссур ду, хаарша хьан синна хазахетар а лур ду.
[11] ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду,
[12] вочу стеган зуламечу некъех а, иштта харцдерг дуьйцучу стагах а хьо ларвархьама.
[13] И нах, нийса некъаш а дитина, боданечу некъаш тӀехь лелаш бу.
[14] Уьш, вониг шаьш дечу хенахь, сакъералуш хуьлу, боьха лелар а цара тӀетадо.
[15] Церан некъаш гома ду, церан лелар дегаза ду.
[16] Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гӀерта.
[17] Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза.
[18] Цуьнан цӀа стаг Ӏожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тӀе кхачаво.
[19] Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу.
[20] Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха,
[21] хӀунда аьлча догцӀена берш лаьтта тӀехь бехар бу, кхачаме берш цу тӀехь буьсур бу,
[22] амма Ӏеса нах лаьтта тӀера дӀахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тӀера дӀабохур бу.