Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:19

[1] Далла лерина долу шоьтан де дӀадаьлча, кӀирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара.

[2] Эццахь чӀогӀа мохк бегийра, хӀунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀа а карчийна, цунна тӀе охьахиира.

[3] Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тӀера бедарш, ло санна, кӀайн яра.

[4] ГӀаролхой шайна и сурт гича, чӀогӀа кхерабелла, бегош бара. Уьш беллачу нахах тарбеллера.

[5] ТӀаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жӀарах дӀатоьхна хилла Ӏийса лоьхий.

[6] Иза кхузахь вац. Цо Ша ма-аллара, Иза денвелла. Даха а гӀой, Цуьнан дакъа Ӏиллинчу метте хьовса.

[7] Цул тӀаьхьа, сихха дӀа а гӀой, Цуьнан мурдашка дӀадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дӀакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош».

[8] Сихха къубба чуьра ара а яьлла, и шиъ, шаьшшиъ чӀогӀа кхераелла, яхьийна йоллушехь, йоккхаерца едда и хаам мурдашна дӀахаийта яхара.

[9] ЦӀеххьана царна новкъахь дуьхьалкхийтира Ӏийса. Цо элира: «Маршалла ду шуьга». И шиъ, тӀе а яхана, Цуьнан когех хьакха а елла, Цунна хьалха охьатаьӀира.

[10] Ӏийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гӀой, Сан вежаршка Галилай-махка гӀо ала. Цигахь гур ву царна Со».

[11] Зударий мурдаш болчу дӀабаханчу хенахь, масех волчу гӀаролхочо, гӀала схьа а веана, динан коьртачу дайшка дерриг а хилларг дӀадийцира.

[12] Къанойх дӀа а кхетта, цаьрца барт а бина, динан коьртачу дайша цу тӀемалошна дуккха а ахча делира.

[13] Цара элира: «Аша массаьрга а ала деза: „Буьйсанна Цуьнан мурдаша, схьа а баьхкина, тхо дийшина долчу хенахь, Цуьнан дакъа, лачкъа а дина, дӀадаьхьира“.

[14] И хаам мехкан куьйгалхочунна дӀахаахь, оха цуьнца барт бийр бу шуна таӀзар ца дайта».

[15] Ахча схьа а эцна, цара, шайна ма-хьеххара, нахе дӀадийцира. И хаам жуьгташна юкъахь дӀасабаьржира. Таханлерчу дийне кхаччалц схьадогӀуш а ду иза.

[16] Ӏийсас тӀе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тӀе дӀавахара цхьайтта мурд.

[17] Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьӀира, амма цхьаццаберш шекбевлира.

[18] Ӏийсас, тӀе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла.

[19] Иштта, дерриге а къаьмнашна тӀе а доьлхуш, царна Сан мурдаш хила Ӏамаде, Ден а, КӀентан а, Делан Синан а цӀарах адамаш хих чекх а дохуш,

[20] Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters