[1] «Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц.
[2] Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.
[3] Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш?
[4] Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь?
[5] Шалхонча, цкъа хьайн бӀаьргара хен дӀабаккха, тӀаккха са гур ду хьуна, хьайн вешин бӀаьргара чамхалг схьаяккха.
[6] Далла гергахь еза йолу хӀума жӀаьлеш дӀа ма луо, уьш, юха а дирзина, шух летар ду. ЖовхӀарш хьакхарчашна хьалха а ма кхисса, цаьрга уьш ца хьешийта».
[7] «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна,
[8] хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.
[9] Шуна юкъахь вуй теша стаг, шега шен кӀанта бепиг дехча, цуьнга тӀулг кховдон верг?
[10] Я чӀара бехча, цуьнга лаьхьа кховдон верг?
[11] Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!
[12] Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».
[13] «Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула.
[14] Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо.
[15] УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан.
[16] Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш?
[17] Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу.
[18] Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу.
[19] ХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо.
[20] Иштта, харцпайхамарш церан гӀуллакхаша бовзуьйту.
[21] ХӀора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тӀелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтӀахь хила веза.
[22] Дуккха а болчара эр ду Соьга цу дийнахь: „Ва Веза Эла! Хьан цӀарах ца бора оха Делера болу хаам? Хьан цӀарах дӀа ца лелхадора оха жинаш? Хьан цӀарах ца бора оха дуккха а тамашийна белхаш?“
[23] Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“»
[24] «Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву.
[25] ДогӀа а тӀедоьттина, хиш а дистина деана, чӀогӀа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цӀенна хӀумма а ца хилла, хӀунда аьлча цу цӀийнан бух буточу тархана тӀехь боьттина бу.
[26] ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву.
[27] ДогӀа а деача, хиш дистина а деача, мох а хьаькхча, цуьнан цӀа тӀе а кхетта, доьхна дӀадаьлла, схьаэца хӀума а доцуш».
[28] Ӏийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера,
[29] хӀунда аьлча церан Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Цо.