[1] Цул тӀаьхьа Делан Сино Ӏийса яьссачу аренга дӀавигира, иблисе Иза зейта.
[2] Шовзткъа де-буьйса марха кхобуш дӀадаьлча, Иза чӀогӀа мацвелла хьаьвзира.
[3] Иблисо, Цунна тӀе а дахана, элира: «Хьо Делан КӀант велахь, хьуьлла Ӏохкуш долчу тӀулгашна тӀедожаде, бепиг хила алий».
[4] Ӏийсас жоп делира: «Делан Йозанна тӀехь ма ду: „Адам деккъа цхьана баьпках дехаш дац. Цуьнан вузар – Делан багара схьадаьлла хӀора дош ду“».
[5] ТӀаккха иблисо, Ӏийса езачу Ярушалайм-гӀала а вигина, Делан цӀийнан тхов буьххье хьалаваьккхира.
[6] «Хьо Делан КӀант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тӀехь дӀахьур ву хьо, хьан ког тӀулгах а ца тасаболуьйтуш“».
[7] Ӏийсас цунна жоп делира: «Амма яздина ду: „Хьайн Веза Дела зе ма гӀерта“».
[8] ТӀаккха иблисо валийра Ӏийса боккхачу лам тӀе. Цу буьххьера цо гайтира кху дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш а, церан исбаьхьа хилар а.
[9] «И Хьуна гуш мел дерг аса Хьуна дӀалур ду, Ахьа суна, Далла санна, гора а хӀоьттина, Ӏибадат дахь!»
[10] Ӏийсас элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Ӏибадат, Цунна бен гӀуллакх а ма де!“»
[11] Иблис Ӏийсана тӀаьхьара дӀадаьлча, Иза волчу маликаш схьагулделира, Цунна гӀуллакх а деш.
[12] Яхьъя набахти чу воьллина аьлла Шена хезча, Ӏийса Галилай-махка юхавирзира.
[13] Назарт-гӀала а йитина, Иза Къапарнам-гӀалахь ваха хиира. И гӀала Галилай-Ӏомана йистехь Ӏохкуш долчу Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш тӀехь хилла.
[14] Иштта кхочушхилира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:
[15] «Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш а, Галилай-хӀорда тӀекхачале, Йордан-хил дехьа йолу кхечу къаьмнийн нехан Галилай!
[16] Боданехь Ӏийначу халкъана йоккха серло гира! Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!»
[17] Цу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.
[18] Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.
[19] «Суна тӀаьхьахӀитта, – элира цаьрга Ӏийсас, – ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
[20] Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
[21] Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра.
[22] Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
[23] Ӏийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
[24] Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дӀадаьржира. Ӏийса волчу блабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догӀуш берш а, шен дегӀан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора.
[25] Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.