[1] Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏам тӀехула дехьа а ваьлла, Шен гӀала кхечира.
[2] Цунна тӀе валийра шен дегӀан дола ца далуш волу цхьа стаг. Иза, хьалагӀатта де доцуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Ӏийсас, уьш Делах тешаш хиларх Ша кхеттачул тӀаьхьа, заьӀапхочуьнга элира: «Доьналла долуш хила, сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
[3] Иза хезна болчу Ӏеламчу наха шайн дагахь бохура: «Цу стага ма Ӏеса къамел до!»
[4] Церан дагахь дерг Ӏийсана хаьара. Цундела Цо цаьрга элира: «Вон ойланаш хӀунда ю шун даг чохь?
[5] Муьлха ду ала атта: „Хьан къиношна гечдина“ я: „Хьала а гӀаттий, дӀагӀо“?
[6] Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».
[7] Важа, хьала а гӀаьттина, цӀа вахара.
[8] Адамийн тоба, шена и хӀума гича, чӀогӀа кхера а елла, Далла хастамаш бан йолаелира, Цо адамашна оццул чӀогӀа бакъо яларна.
[9] Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.
[10] Ӏийса Шен мурдашца Маттайн хӀусамехь яа хӀума юуш Ӏаш хилла. Царна тӀе а баьхкина, цаьрца яа хӀума яа охьахиира ял схьагулъеш болу наххий, адамашна юккъехь къинош летийна аьлла, цӀе яхана болу наххий.
[11] Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хӀума юуш хӀунда Ӏа?»
[12] Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.
[13] Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
[14] Яхьъян мурдаша, Ӏийсана тӀе а баьхкина, хаьттира: «Охий, парушхоший кест-кестта марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»
[15] Ткъа Ӏийсас элира: «Зуда ялош волчун накъостий гӀайгӀане хуьлий, иза шайна юкъахь мел ву? Амма тӀедогӀур ду зуда ялош верг кхарна юккъера дӀавуьгун волу цхьа де. ТӀаккха хир бу уьш гӀайгӀане, марха кхаба а болалур бу.
[16] Цхьаммо а ца латайо цӀеначу кӀадих тишачу бедарна йома, хӀунда аьлча и йома гатъелла, оза а елла, дӀахӀоьттича, бедар тӀера Ӏуьрг кхин а доккха хир ду.
[17] Керла чагӀар тишачу пӀаьлдиг чу а ца дутту. ПӀаьлдиг бетӀар бу, чагӀар чуьра охьагӀур ду. ПӀаьлдиг а хӀаллакьхир бу. Амма керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту: пӀаьлдиг а, чагӀар а шен меттехь хир ду».
[18] Цо и къамел дечу хенахь Ӏийсана тӀевеара гуламан цӀийнан куьйгалхо. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира: «Сан йоӀ хӀинцца дӀаяьлла. Хьо ван а веана, Ахьа цунна тӀе куьйгаш дехкича, иза денлур яра».
[19] Ӏийса, хьала а гӀаьттина, Шен мурдашца цунна тӀаьхьа дӀавахара.
[20] Цигахь, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, цомгуш йолу зуда яра. Ӏийсана тӀехьахула тӀе а еана, Цуьнан бедарх кхозуш йолчу чечакхах дӀахьакхаелира иза.
[21] Массо а хенахь ша-шега цо олура: «Цкъа мукъана а Цуьнан бедарх со дӀахьакхаелча, со толур яра».
[22] Ӏийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоӀ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира.
[23] Ӏийса гуламан цӀийнан куьйгалхо волчу цӀа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а.
[24] Цо элира: «ДӀагӀо кхузара! ЙоӀ яла ца елла, иза йижина Ӏуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара.
[25] Уьш цӀа чуьра аралаьхкича, Ӏийсас, йоӀ йолчу чу а вахана, цуьнан куьг схьалецира. ЙоӀ Ӏуьллучуьра хьалагӀаьттира.
[26] Цу тамашийначу хӀуманах лаьцна хабар массо а метте дӀасадаьржира.
[27] Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цунна тӀаьхьавогӀуш вара бӀаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КӀант!»
[28] Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!»
[29] Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Цо элира: «Шу тешаш дерг хилийталахь!»
[30] ТӀаккха церан бӀаьрса схьадеара. Ӏийсас царна чӀоггӀа тӀедиллира: «Цхьанна а стагана Сох лаьцна хаа йиш йолуш дац шуна».
[31] Амма шаьш дӀабаханчул тӀаьхьа, цара Цунах лаьцна массо а маьӀӀе дӀасадаржийра.
[32] Шен мурдашца Иза дӀаваха кечвеллачу хенахь Ӏийса волчу валийра мотт сецна волу стаг. Иза жино хьийзош вара.
[33] Ӏийсас жин дӀалаьллиначу хенахь и стаг къамел дан волавелира. Наха цецбовларца бохура: «И санна долу хӀума Исраилан махкахь цкъа а хилла дац».
[34] Ткъа парушхоша бохура: «Цо жинаш лохку жинийн элан гӀоьнца».
[35] Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
[36] Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара.
[37] Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу.
[38] Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».