Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:53

[1] Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.

[2] Ӏийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира

[3] Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»

[4] Ӏийсас цаьрга элира: «Даха а гӀой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца:

[5] бӀаьрзечарна бӀаьрса ло, астагӀнаш нийса дӀалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цӀанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.

[6] Декъала ву Сох шек воцург».

[7] Мурдаш дӀабахначул тӀаьхьа Ӏийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?

[8] ХӀан-хӀа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хӀума тӀеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХӀан-хӀа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гӀаланаш чохь Ӏаш бу.

[9] Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХӀаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.

[10] Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“

[11] Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.

[12] Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тӀе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гӀулчаш йохуш, дӀадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гӀерташ белахь а.

[13] ХӀунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тӀекхаччалц.

[14] Цара бохуш дерг шу тӀеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогӀур ву бохуш волу Эли-ЯхӀу.

[15] Лергаш долчунна хӀара дӀахезийла.

[16] Хьаьнца юстур ю Аса хӀара тӀаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Ӏаш долчу берех тера ду:

[17] „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гӀийла эшарш лекхира, ткъа шу гӀайгӀане а ца хилира!“

[18] Яхьъя гучуваьлла. Цо хӀума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш.

[19] Цул тӀаьхьа Адамийн КӀант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагӀа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гӀуллакхаша».

[20] Ӏийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Ӏаламаташ гайтинчу гӀаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тӀе ца берзарна.

[21] «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гӀала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гӀала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гӀуллакхаш Цора-гӀалахь а, ЦӀадан-гӀалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, овкъарна тӀе охьахевшина хир дара.

[22] Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦӀаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул.

[23] Ткъа хьо, Къапарнам-гӀала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цӀерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Ӏаламаташ хиллехьара, иза хӀара де тӀекхаччалц лаьтташ хир яра.

[24] Аса боху шуьга: Седамна кхана догӀун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».

[25] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Ӏилманчеххий и хӀума къайла а даьккхина, бер санна, догцӀеначарна Ахьа иза дӀаделларна.

[26] ХӀаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду.

[27] Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КӀант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КӀантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен.

[28] Дуьйла Суна тӀе, кӀадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна.

[29] Сан дукъ шайна тӀеэца, Сох Ӏама, хӀунда аьлча даг чохь Со чӀогӀа эсала а, кӀеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.

[30] Сан дукъ а дӀакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters