[1] Шен къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа Ӏийса, Галилай-махкара дӀа а вахана, ЯхӀуд-махкарчу Йордан-хина дехьарачу агӀонгахь йолчу метте веара.
[2] Цунна тӀаьхьа хӀоьттина лелаш адамийн тобанаш яра, Цо царна цигахь дарбанаш а дира.
[3] ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»
[4] Ӏийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна?
[5] Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.
[6] ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
[7] ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»
[8] Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.
[9] Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».
[10] Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».
[11] Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш.
[12] Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».
[13] Ӏийса волчу бераш далийра, царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цуьнга доӀа дайтархьама. Амма Цуьнан мурдаш резабоцуш, бераш далош баьхкинчарах бехкаш дохуш, луьйш бара.
[14] Ӏийсас элира: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Стигалийн Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу».
[15] Царна тӀе куьйгаш а дехкина, Цо уьш декъалбира. Цул тӀаьхьа Иза цигара дӀавахара.
[16] Цхьана стага, Ӏийсана тӀе а веана, хаьттира: «Устаз, муьлха дика болх бан беза аса Дела волчохь хедар доцучу дахаре со нисвалийта?»
[17] Ӏийсас цуьнга элира: «Соьга хӀунда хоьтту ахьа, диканиг муьлха ду бохуш. Цхьаъ бен вац Диканиг. Ткъа хьо Дела волчохь хьайн дахар нисдалийта лууш велахь, хьайна тӀедиллина парзаш кхочушде».
[18] Жимачу стага хаьттира: «Муьлха парзаш?» Ӏийсас жоп делира: «Адам ма де, нахаца ма лела, къола ма де, харц тоьшалла ма де,
[19] дай-наний а лара, хьайн уллораниг хьо санна веза».
[20] Жимачу стага Цуьнга элира: «Иза шадерг а аса кхочушдина, кхин хӀун оьшу суна?»
[21] Ӏийсас жоп делира: «Кхачамалла йолуш хьо хила лууш велахь, ваха а гӀой, хьайн мел долу хӀума дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. ТӀаккха, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
[22] И дешнаш шена хезча, жима стаг, гӀайгӀане а воьжна, дӀавахара, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.
[23] Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуна Аса: хала ду хьалдолчунна, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.
[24] Кхин цхьаъ а эр ду Аса шуьга: эмкална механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
[25] Мурдаша, иза шайна хезча, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира Цуьнга: «Ткъа мила ваккхалур ву кӀелхьара?»
[26] Цаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «Адамашка иза кхочушдалур дац, амма Деле дан а ца луш хӀумма а дац».
[27] Кипас Цуьнга элира: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо. Тхоьга хӀун кхочур ду?»
[28] Ӏийсас цаьрга элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: керла дуьне дӀа а хӀоттийна, Адамийн КӀант Шен сийлахьчу паччахьан гӀанта тӀе охьахуун волчу хенахь, Суна тӀаьхьахӀиттина шу а цигахь хир ду. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу шийтта паччахьийн гӀанташна тӀе охьаховшур ду.
[29] Сан дуьхьа шен цӀа, я вежарий-йижарий, я да а, нана а, я бераш, я шен бахам битина волчу стеган хьал бӀозза дукха стамлур ма ду, ткъа Дела волчохь хедар доцу дахар а хуьлуьйтур ду цуьнан.
[30] Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».