[1] Ӏийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дӀалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а.
[2] Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг – ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя,
[3] Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада,
[4] ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.
[5] Ӏийсас, Шен шийтта мурд дӀахьажош, царна тӀедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гӀаланашна чу ма гӀолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тӀе а ма гӀолаш.
[6] Исраилан махкара хӀаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагӀашна тӀе гӀо,
[7] кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“.
[8] Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало.
[9] Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цӀаста а схьа ма эца.
[10] Шаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца.
[11] Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц.
[12] Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта.
[13] Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла.
[14] Шаьш тӀе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугӀуш йолчу хӀусамера я гӀалара дӀагӀо, шайн когаш тӀера чан охьа а егош.
[15] Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гӀалара хьал Седамеххьий, Ӏамор-гӀалаххьий чул инзаре хир ду».
[16] «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагӀий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хӀума доцуш а хилалаш.
[17] Нахах ларлолаш, цара кхеле дӀалур ду шу, шайн гуламан цӀенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна.
[18] Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тӀе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела.
[19] Шаьш дӀалаьцначул тӀаьхьа, хӀун эр ду техьа оха бохуш, гӀайгӀане а ма хила, хӀунда аьлча шуна дӀаделлалур ду, хӀун ала деза.
[20] Дагахь латтаделаш шайна иза, хӀунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш.
[21] Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу.
[22] Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.
[23] Цхьана гӀалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гӀала дӀагӀо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гӀаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КӀант вуссур ву».
[24] «Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац.
[25] Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дӀатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дӀатарлахь. Нагахь санна хӀусаман дена БаӀал-Зебула цӀе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цӀе йоккхур ю.
[26] Цундела царах ма кхера, хӀунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду.
[27] Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цӀийнан тхов тӀе а довлий, мохь туххуш дийца.
[28] Ма кхера шайн дегӀ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегӀ а, са а жоьжахатехь хӀаллакдан йиш Йолчунах.
[29] Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен.
[30] Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна!
[31] Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
[32] Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву.
[33] Амма Со нахана хьалха дӀатеснарг Аса а дӀатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха».
[34] «Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана.
[35] Со веана „кӀант дена дуьхьал ваккха, йоӀ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха.
[36] Шен цӀа чохь берш хир бу стагана мостагӀий“.
[37] Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоӀ я кӀант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш.
[38] Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьа ца хӀоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац.
[39] Шен са Ӏалашдан гӀоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дӀаделлачунна иза карор ду.
[40] Шу тӀеоьцуш волчо Со а тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу.
[41] Пайхамар пайхамаран дуьхьа тӀеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тӀеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю.
[42] Царах лахара волчунна а гӀо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».