[1] Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира:
[2] «Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»
[3] Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама?
[4] Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“.
[5] Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгӀатна дӀало“.
[6] Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тӀедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дӀадаьккхина.
[7] Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаӀ-ЯхӀус ша Делера бинчу хаамехь:
[8] „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
[9] Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“».
[10] Нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «Соьга ла а догӀий, Аса бохучух кхетахьара шу:
[11] стеган багахула чудоьдуш долчу хӀумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен».
[12] ТӀаккха тӀебаьхкинчу мурдаша Ӏийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттина хеташ буйла?»
[13] Ӏийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дӀадоьгӀна доцу хӀора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду.
[14] Уьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».
[15] Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх».
[16] Ткъа Ӏийсас элира: «ХӀинца а оццул кхетам боцуш ду шу?
[17] Шун бага кхаьчна долу хӀума, зорх чу а кхочий, цул тӀаьхьа кийрара арадолу.
[18] Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг.
[19] Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар.
[20] Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хӀума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац».
[21] Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Цорин а, ЦӀаданан а гонах йолчу меттигашка дӀавахара.
[22] Йоьлхуш, Цунна тӀееара цигахь Ӏаш йолу канаӀанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КӀант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоӀ».
[23] Амма Ӏийсас цуьнга хӀумма а ца элира. Мурдаша, тӀаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДӀаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тӀаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх».
[24] Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагӀашна бен гӀо дан ваийтина вац Со».
[25] ТӀаккха и зуда, Ӏийсана тӀе а еана, гора а хӀоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГӀо дехьа суна!»
[26] Ӏийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жӀаьлешна дӀакхоссар».
[27] Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жӀаьлеша а ма лехьадо хӀусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш».
[28] ТӀаккха Ӏийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чӀогӀа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоӀ тоелира.
[29] Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Галилай-Ӏоман йистехула дӀавахара. Лам тӀе хьала а ваьлла, охьахиира Иза.
[30] Цунна тӀе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагӀнаш, бӀаьрзенаш, заьӀапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Ӏийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора.
[31] Адамаш чӀогӀа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьӀапхой тобелча, астагӀа берш, шерра ког а боккхуш, дӀабоьлхуш гича, бӀаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара.
[32] Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. Уьш меца дӀабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чӀогӀа гӀел ца балийта».
[33] Мурдаша Цуьнга элира: «ХӀокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хӀума?»
[34] Ӏийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхӀ бепиггий, масех чӀарий бу».
[35] ТӀаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра.
[36] ВорхӀ бепиггий, чӀерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дӀадоькъура иза.
[37] Массара а шаьш дуззалц хӀума йиира. ТӀаьхьайисина йолу яа хӀума мурдаша схьагулйича, ворхӀ тускар хьаладуьзира.
[38] Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а.
[39] Нах дӀасабевллачул тӀаьхьа Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, Магдан-гӀалина улло дӀавахара.