Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:16

[1] Цу хенахь Галилай-махкахь паччахь волчу ХӀародана Ӏийсах лаьцна хезна хилла.

[2] Шена ялхолла лелош болчаьрга цо элира: «И стаг нах хих чекхбоху Яхьъя ву. Иза веллачуьра денвелла, цундела бу цуьнгахь тамашийна билгалонаш гайта ницкъ».

[3] И де тӀекхачале дикка хьалха ХӀарод-паччахьо Яхьъя, схьа а лаьцна, буржалш а тоьхна, набахти чу кхоьссина хилла. Цо иза шен вешин Пилапан зуда ХӀародад бахьана долуш дина хилла.

[4] Яхьъяс цунах бехк баьккхина хилла: «Хьан йиш яц цуьнца цхьаьна ваха», – аьлла.

[5] ХӀарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хӀуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тӀеэцна хилла дела.

[6] ХӀарод вина де тӀекхаьчча, ХӀародадан йоӀ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чӀогӀа тайна волчу ХӀарода

[7] чӀагӀо йина, ша цуьнан муьлхха а дехар кхочушдийр ду аьлла.

[8] Шен нанас иракарахӀоттийна йолчу йоӀа элира: «Шуьна чохь нах хих чекхбохучу Яхьъян корта схьаба суна».

[9] Ша гӀайгӀане воьжнехь а, шен хьешашна хьалха ша йина йолу чӀагӀо бахьана долуш, ХӀарода, и дехар кхочушде аьлла, омра дина хилла.

[10] Яхьъян корта баккха аьлла, цо набахте нах бахийтина.

[11] Цара, шуьна чу а биллина, Яхьъян корта, схьа а беана, йоӀе дӀабелла, ткъа цо иза шен нанна дӀабаьхьна.

[12] Яхьъян мурдаша, схьа а даьккхина, цуьнан дакъа дӀадоьллина, ткъа цул тӀаьхьа, баха а бахана, Ӏийсага и дерриг дӀадийцина цара.

[13] Иза шена хезча, Ӏийса, хинкеманна тӀе а хиъна, цхьа а стаг воцучу метте дӀавахара, ша висархьама. Амма нахана и хӀума дӀахезча, шайн гӀаланашкара схьа а баьхкина, уьш хин йистехула Цунна тӀаьхьабахара.

[14] Ша хийисте хьалаваьлча, Ӏийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира.

[15] Суьйре тӀееъча, Цуьнан мурдаш тӀебаьхкира. Цара элира: «ХӀара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дӀабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хӀума эцийта».

[16] Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш дӀабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хӀума».

[17] Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чӀарий бен яц».

[18] Ткъа Ӏийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял».

[19] Цо, нах бай тӀе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чӀарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доӀа дира. ТӀаккха и хьокхамаш а, чӀерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дӀакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дӀалора.

[20] Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тӀаьхьа, мурдаша тӀаьхьайисинчу яа хӀуманах шийтта тускар дуьзира.

[21] Цигахь яа хӀума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара.

[22] Цу сохьта Ӏийсас Шен мурдаш, хинкеманна тӀе а ховшийна, Галилай-Ӏоман дехьарачу йисте Шел хьалха дӀабахийтира, ткъа Ша нах дӀахьовсо тӀаьхьасецира.

[23] Нах дӀа а хьовсийна, Ӏийса Ша цхьаъ лома хьалавелира, доӀа дархьама. Суьйре тӀекхаьчча, Иза цигахь Ша вара.

[24] Хин кема хийистера геннахь дара. Иза тулгӀенаша дехьий-сехьий кхуьссура, кема чӀогӀа хьоькхуш болчу мохана дуьхьал доьдуш долу дела.

[25] Ӏуьйранна кхаа сахьтаний, ялх сахьтаний юккъехь Ӏийса уьш болчу хи тӀехула дӀаволавелира.

[26] Хи тӀехула Иза вогӀуш гича, Цуьнан мурдаша, кхера а белла, мохь хьаькхира: «Иза гӀаларт ду!» – аьлла.

[27] «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!»

[28] Цунна дуьхьал Кипас элира: «Сан Эла! Иза Хьо велахь, Хьайн лаамца со хи тӀехула Хьайна тӀе ваийтахьара Ахьа!»

[29] «ТӀевола!» – элира Цо. Кипа, хинкеманна чуьра охьа а воьссина, хи тӀехула Ӏийсана тӀевахара.

[30] Шена чӀогӀа хьоькхуш болу мох гича, Кипа кхеравелира. Ша хи буха ваха воьлча, цо мохь хьаькхира: «Ва Эла! КӀелхьарваккхахьа со!»

[31] Ӏийсас, сихха куьг дӀа а кховдийна, иза хьалаваьккхира. Цо цуьнга элира: «Делах кӀезиг тешаш верг! Хьайн даг чу шеко хӀунда кхоллаялийтира ахьа?»

[32] Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дӀасецира.

[33] Цу чохь мел волчо а, корта охьа а таӀийна, Ӏийсага элира: «Хьо баккъалла а Делан КӀант ву!»

[34] Хин кеманна тӀехь Ӏомал дехьа а бевлла, уьш Гансарт-махка кхечира.

[35] Цигарчу нахана Ӏийса вевзинчул тӀаьхьа, массо а маьӀӀера Кхунна тӀе цомгуш болу нах кхуьйлуш хилла.

[36] Цара, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоттийтахьара бохуш, дехар дора. Цуьнан бедаран юьхах куьг мел Ӏоьттинарг, то а лой, дӀахӀуттура.

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters