Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 2:56

[1] Ӏийсана тӀе а баьхкина, Цуьнан мурдаша хаьттира: «Стигалийн Олаллехь уггар лакхара верг мила ву?»

[2] Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна,

[3] элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац.

[4] ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву.

[5] Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».

[6] «Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хӀора стагана, хьеран тӀулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хӀорда буха вахар гӀоле ду.

[7] Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах.

[8] Хьан куьйго я кого хьоьга къа латадайта бахьана даьккхинехь, и куьг я ког, схьа а даккхий, дӀакхосса. ХӀунда аьлча ког-куьг а доцуш Далла гергахь вахар гӀоле ду хьуна, ши ког а, ши куьг а шайн меттехь а долуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул.

[9] Хьан бӀаьрг бахьана долуш хьох къа леттехь, иза, схьа а баккхий, дӀакхосса. Цхьана бӀаьргаца Далла уллохь вехаш хилар гӀоле ду хьуна, ший а бӀаьрг а болуш, жоьжахатин цӀергахь хьо вагавойтучул».

[10] «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла.

[12] Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац?

[13] Ас баккъалла а боху шуьга: шена дӀакъаьстина цхьа уьстагӀ схьакарийча, лам чохь бисинчу безткъе ткъайоьсна уьстагӀал оцу цхьана уьстагӀах цуьнан самукъадер ду.

[14] Иштта шун стигалахь волчу Дена а ца лаьа цу лахара болчарах цхьа а дӀакъастийта».

[15] «Хьан динан вашас хьуна дуьхьал къа латадахь, ваха а гӀой, шаьшшиъ волчохь шегара даьллачух иза кхетаве. Цо хьоьга ладогӀахь, тӀаккха ахьа цунах юха а хьайн динан ваша во.

[16] Амма цо хьоьга ла ца догӀахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хӀунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХӀорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чӀагӀдийр ду“.

[17] Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца.

[18] Баккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гӀуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду.

[19] Кхин цхьа хӀума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доӀанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду.

[20] ХӀунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цӀарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву».

[21] Кипас, Ӏийса волчу а веана, хаьттира: «Сан Эла! Вашас суна дуьхьал къа латош хилча, со мосазза къинтӀера вала веза цунна? ВорхӀазза вала везий?»

[22] Ткъа Ӏийсас цуьнга элира: «Аса боху: иза ворхӀазза хир дац, ворхӀазза кхузткъе итт эцча санна, хир ду.

[23] Стигалийн Олалла хӀокхунах тера хила мега. Цхьа паччахь шен ялхошкара декхар схьагулдеш хилла.

[24] Декхар схьагулдан иза волавелча, кхунна тӀевалийна цхьа ялхо. Иза итт эзар гали дашо ахча декхарийлахь хилла.

[25] Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дӀавохка аьлла.

[26] ТӀаккха ялхочо, шен паччахьна хьалха гора а хӀоьттина, дехар дина: „Ахьа цхьажимма собар дехьа, аса декхар дӀалур ду хьуна!“

[27] Паччахьна ялхочух къахетта. Цо иза, декхарна къинтӀера а ваьлла, дӀавахийтина.

[28] Ткъа цу ялхочо, шена бӀе динари дети-ахча декхарийлахь волчу вукху ялхочунна тӀе а вахана, иза лаг тӀера а лаьцна, цуьнан са а дукъош, цо шена схьадалаза долу декхар схьадийхира: „Схьало айхьа суна схьадала дезарг!“ – аьлла.

[29] ТӀаккха цу ялхочо, хӀокхунна хьалха гора а воьжна, дехар а деш, элира: „Собар дахьара ахьа, аса хьан дерриг а декхар дӀалур дара“.

[30] Амма хьалхарчу ялхочо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Цо иза шен декхар схьадаллалц набахти чу воллийтира.

[31] И хӀума гина болчу ялхоша шайна гинарг, эла волчу дӀа а бахана, дӀадийцира.

[32] Эло, и ялхо тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: „Сий доцу лай! Ахьа дехар дича, аса сайн дерриг а декхар, къинтӀера а ваьлла, хьуна дитира.

[33] Ткъа ахьа а мегар дацара хьо санна волчу хьайн накъостах къинхетам бан, аса хьайх ма-барра?“

[34] ОьгӀазваханчу эло омра дира, ницкъ а беш, иза набахти чохь латтаве, цо дерриг а декхар схьадаллалц, аьлла.

[35] Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтӀера ца довлахь».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters