Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:58

[1] ТӀаккха Ӏийса халкъаций, Шен мурдашций къамел дан волавелира.

[2] Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.

[3] Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хӀунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гӀуллакхаш дан а ца до.

[4] Цара чӀогӀа хала парзаш хӀиттадо. Уьш кхочушдан чӀогӀа хала ду. И парзаш нахана тӀе а дехкина, уьш цаьрга дӀакхехьийта гӀерта. Ткъа шаьш пӀелг меттахбаьккхина а хӀума дан лууш бац.

[5] Цара шаьш деш долу дика нахана гайтархьама до: Делан Йозанаш тӀеяздина йолу церан хьаьжнаш тӀе йоьхкург кхечерачул шорлуш ю, ткъа обанаш тӀера чечакхаш яхлуш ю.

[6] Царна уггар сийлахь йолу меттигаш еза тойнашкахь а, гуламан цӀенош чохь а.

[7] Царна лаьа базаран майданахь шайга чӀогӀа лоруш маршалла хаттийта а, „устаз“ аьлла, нахе шайн цӀе яккхийта а.

[8] Амма аша шайн цӀе, „устаз“ алий, ма яккхийта, хӀунда аьлча вайн массеран а баккъалла а волу цхьа Устаз ву, ткъа шу вежарий ду.

[9] Цхьаннан а кху дуьненахь „Веза Да“ алий, цӀе ма яккха, хӀунда аьлча шун Веза Да цхьаъ бен вац. Иза – Стигалахь Верг ву.

[10] Шаьш „хьехамхой“ ду алий, цӀе ма яккхийта, хӀунда аьлча шун цхьа Хьехамхо ву – Дала леррина Къобалвинарг.

[11] Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла.

[12] Ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кӀезиг хетар ву, ткъа ша кӀезиг хеташ верг хьалаваьккхина хир ву.

[13] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.

[15] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхалла шайца ерш! ХӀордана а, лаьттана а гобаккха кийча ду шу, цхьа стаг мукъана а шайгахьа ваккхархьама. И санна верг шайна карийча, цунах шайл шозза жоьжахатина пайдениг вой, дӀахӀоттаво аша.

[16] Къа ду шун, шаьш бӀаьрзе а долуш, юьхьлаьцнарш. Аша олу: „Делан цӀийнах дуй биъча, хӀумма а дац, амма Делан цӀа чохь долчу деших дуй биъча, иза кхочушбан беза“.

[17] БӀаьрзе, сонта нах! ХӀун ду деза – деши ду, я Делан цӀа ду, и деши даздеш долу?

[18] Аша боху: „СагӀа доккхучу кхерчах дуй биъча, хӀумма а дац. Амма цу кхерча тӀехь Ӏуьллучу сагӀанах дуй биъча, иза къарбан йиш яц!“

[19] БӀаьрзе нах! ХӀун ду деза – сагӀина еана хӀума ю, я ша кхерч бу, еана йолу хӀума язъеш болу?

[20] Цу кхерчах дуй буучо цу тӀе охьайиллинчу хӀуманах а боу дуй.

[21] Делан цӀийнах дуй буучо Делан цӀийнах а, цу чохь Ӏаш Волчух а боу дуй.

[22] Стигалх дуй буучо Дала паччахьалла дечу гӀантах а, цу гӀанта тӀехь Волчух а дуй боу.

[23] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Ӏаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгӀа дакъа аша сагӀина дӀало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чӀогӀа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хӀуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза.

[24] БӀаьрзе юьхьлаьцнарш! Шаьш молуш долчу хи чуьра чуьрк дӀайоккху аша, амма эмкал дӀакхоллу.

[25] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла ю шуьца! Аша кад-хедар тӀехулара дикка цӀандо, амма чухулара уьш бӀаьрмецигаллица а, къизаллица а схьаяьккхина йолчу хӀуманах дуьзна ду.

[26] БӀаьрзе парушхо, цкъа хьалха кад-хедар чуьра цӀанде, уьш тӀера а, чуьра а цӀена хилийта.

[27] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Шу, кир а тоьхна, лаьтташ йолчу къуббанех тера ду. ТӀехулара хьаьжча, уьш хазахета, ткъа царна чохь беллачеран даьӀахкаш, дахкаделла долу дилха а ду.

[28] Шу шаьш а, тӀехулара хьаьжча бакъахьара лелаш хетахь а, шайца шалхалла а йолуш, зуламах дуьзна долчарах ду.

[29] Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а! Шалхончаш! Пайхамаршна къуббанаш хазйо аша, Делан лаамехь болчеран кешнаш кечдо.

[30] Аша олу: „Тхо тхешан ворхӀе а да Ӏийначу хенахь даьхнехьара, оха тхайн дайшца пайхамарийн цӀий Ӏанор дацара“.

[31] Цу дешнашца аша шайна дуьхьал тоьшалла до, шаьш пайхамарш байинчу тӀаьхьенах хилар чӀагӀ а деш.

[32] Шайн дайша лелийнарг кхин а тӀехдаккха!

[33] Лаьхьанийн тӀаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу?

[34] Цундела Аса шу долчу бохкуьйту пайхамарш, хьекъалчаш, Ӏелам нах. Царах цхьаберш аша я бойу, я жӀарах дӀатуху, вуьш, шун гуламан цӀенош чохь етташ, цхьана гӀалара вукху гӀала лоьхкуш лелабо.

[35] Шуна тӀехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цӀий, аша Ӏанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тӀера дӀадолийна Барак-ЯхӀун кӀант волчу Закри-ЯхӀуна тӀекхаччалц, Делан цӀенний, сагӀа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу.

[36] Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хӀокху тӀаьхьено».

[37] «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.

[38] ХӀинца билггала шун ЦӀа Дала дӀатесна ду.

[39] Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters