Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:05

[1] Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.

[2] «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохура Цо.

[3] Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»

[4] Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара.

[5] Дукха адам догӀура цунна тӀе: Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а.

[6] Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.

[7] Шена тӀеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам?

[8] Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта.

[9] „Тхан да ИбрахӀим ву“, – аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян.

[10] Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: шена тӀе пайден болу стом латош доцу хӀора дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу.

[11] Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду.

[12] Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кӀа цӀандийр ду. КӀа цӀа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дӀайовр йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».

[13] Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта.

[14] Иза сацо гӀоьртира Яхьъя: «Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?»

[15] Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира.

[16] Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара.

[17] Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters