Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 9:49

[1] Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира.

[2] Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Ӏийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бӀаьрган нур дойуш кӀайн яра.

[3] ЦӀеххьана церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.

[4] Кипас Ӏийсага элира: «Веза Эла! Ма дика Ӏа вай кхузахь! Хьуна лаахь, аса кхузахь кхо кхалор хӀоттор ю: цхьаъ Хьуний, цхьаъ Мусаний, кхозлагӀниг Эли-ЯхӀуний».

[5] Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»

[6] И аз шайна хезча, мурдаш, чӀогӀа кхерабелла, бертал лаьтта охьаийгира.

[7] Ӏийсас, царна тӀе а веана, царах куьг а Ӏоьттина, элира: «Ма кхерало, хьалагӀовтта!»

[8] Кортош хьалаайича, Ӏийса воцург, гонах цхьа а стаг ца гира царна.

[9] Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц цхьаьнгге а шайна гинарг ма дийцалаш!»

[10] ТӀаккха Ӏийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»

[11] Ӏийсас жоп делира: «ХӀаъ, Эли-ЯхӀус, ван а веана, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀоттор ду.

[12] Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхӀу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КӀанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш».

[13] ТӀаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла.

[14] Ӏийса адамаш долчу юхавирзича, Цунна тӀевеара цхьа стаг. Цунна хьалха гора а хӀоьттина, цо элира:

[15] «Веза Эла! Къинхетам бехьа сан кӀантах! Иза лазар догӀуш ву. Цо чӀогӀа Ӏазап хьоьгу. Лазар тӀедеъча, иза цӀерга а вужу, хи чу а волу.

[16] Аса Хьан мурдаш болчу валийнера иза, амма цаьрга цунна дарба дан ца делира».

[17] Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!»

[18] Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира.

[19] Ӏийса Ша волчу хенахь Цуьнан мурдаша, тӀе а баьхкина, хаьттира: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?»

[20] Цо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“ аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара».

[22] Шаьш цхьаьна Галилай-махка схьадаьхкича, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Адамийн КӀант нехан кара дӀалур ву.

[23] Иза цара вуьйр ву. Амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву». Цуьнан мурдаш чӀогӀа гӀайгӀане ийгира.

[24] Уьш Ӏийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тӀебаьхкира Делан цӀенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цӀенна гӀуллакхна ял лой?»

[25] Кипас жоп делира: «Ло!» Иза а аьлла, Кипа цӀа чу вахара. Цо цхьа а дош алале, Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна муха хета, ШамӀа: дуьнен чохь болчу паччахьаша ял шайн махкарчу бахархошкара йоккху, я кхечу махкара баьхкинчу бахархошкара йоккху?»

[26] Кипас элира: «Кхечу махкара баьхкинчу нахера йоккху». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делахь хӀета церан бахархой, ял ца луш, кӀелхьарбовлу-кх.

[27] Амма кхузара Ӏедалехь болу нах оьгӀаз ца бахийта, ваха а гӀой, чӀерий лоцу мӀара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чӀеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тӀера ял дӀало».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters