[1] Делан цӀа долчуьра схьавогӀуш вара Ӏийса. Цу цӀийнан кертахь йолу гӀишлош Цунна гайтархьама, Ӏийсана тӀебаьхкира Цуьнан мурдаш.
[2] Цо цаьрга элира: «ХӀара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
[3] Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь хиъна Ӏачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тӀебаьхкира. Уьш Ӏийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тӀаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?»
[4] Цаьрга Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш.
[5] Аса иза боху, хӀунда аьлча дуккха а богӀур бу Сан цӀарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Ӏехор бу.
[6] ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц.
[7] Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь мацалла а хӀуттур ю, мохк а бегор бу.
[8] Амма иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.
[9] Шу Ӏазапанний, Ӏожаллиний кара дӀалур ду. Сан цӀе бахьана долуш массо а къаьмнийн шуьга цабезам кхоллалур бу.
[10] Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю.
[11] Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу.
[12] Зен-зулам совдалар бахьана долуш, дукхахболчеран безам лахлур бу.
[13] Амма и дерриг а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву.
[14] И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дӀакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тӀаьхьа тӀекхочур ю дуьненан чаккхе».
[15] «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хӀума“ езачу метте дӀахӀоьттина шайна гича, – (хӀара доьшург нийса кхетийла!),
[16] тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла.
[17] Ткъа тхов тӀехь нисвелларг, цу тӀера охьавоьссича, цӀа чу ма воьдийла, шен цхьа хӀума схьаоьцур яра аьлла.
[18] Аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла.
[19] Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий.
[20] Деле дехалаш, шаьш девдда дӀадаха дезаш йолу хан Ӏай я шоьтан садоӀучу дийнахь ма нисъялийта алий.
[21] ХӀунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хӀара хан тӀекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тӀаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.
[22] Дала и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара. Амма Ша хаьржинчеран дуьхьа и денош Цо дацдина хир ду.
[23] Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш,
[24] хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Ӏехорхьама.
[25] ЛадогӀалаш! Аса иза хьалххехь шуьга дӀахьедо.
[26] Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гӀолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цӀа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш,
[27] хӀунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тӀехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КӀентан схьавар.
[28] ХӀунда аьлча дакъа долчохь схьагуллур ю хьаргӀанаш а».
[29] «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю.
[30] Цу сохьта стигалахь Адамийн КӀентан тамашийна билгало гучуер ю. Дуьнен чуьра массо а къаьмнаш гӀайгӀане хир ду. Стигаларчу мархашна тӀехула схьавогӀуш Адамийн КӀант гур ву царна, Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а гучуваьлла волу.
[31] Турбин озаца Ша хаьржинарш дуьненан еъа а маьӀӀера схьагулбан дохуьйтур ду Цо Шен маликаш, стигалийн цхьана йистера вукху йисте кхаччалц».
[32] «Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.
[33] Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а.
[34] Бакъдерг боху шуьга: хӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале, хир ду и дерриге а.
[35] Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
[36] «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна.
[37] Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КӀант схьавогӀуш.
[38] ХӀунда аьлча хьалха, хи тӀедалале, адамаш юуш, молуш, зударий балош, маре оьхуш хилла. И дерриге а лаьттира Нохьа-пайхамар хинкеманна чу валлалц.
[39] ХӀумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тӀе а даьлла, хӀаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КӀант схьавогӀучу хенахь а.
[40] Цу заманчохь шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву.
[41] Кохьар хьовзош, болх беш йоллучу шина зудчух цхьаъ схьаоьцур ю, важа юьтур ю.
[42] Цундела сема хилалаш, хӀунда аьлча шуна ца хаьа, маца вогӀур ву шун Веза Эла.
[43] Кхин цхьа хӀума а дагахь латтаде: хӀусамдена къу буьйсанна маца вогӀур ву хаьахьара, цо сема хиларца иза ларвийр вара, цуьнга шена къола ца дайта.
[44] Цундела шу а хила деза кийча, хӀунда аьлча Адамийн КӀант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогӀур ву».
[45] «Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тӀехӀоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хӀума дӀа а луш.
[46] Декъал хир ву, шен хьолада цӀа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо.
[47] Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тӀехь куьйгалхо хӀоттор ву.
[48] Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгӀазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цӀа вогӀур вац“ бохуш,
[49] вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тӀех сов дууш, маларш муьйлуш Ӏаш хир ву.
[50] Иза цӀа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цӀа кхочур ву.
[51] ХӀусамдас и ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, шалхо лелочу нехан дакъа цунна дӀа а кхочуьйтуш. Ткъа цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду».