[1] Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла.
[2] Ӏийсас цаьрга элира: «Малх дӀабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хӀоттам хир бу, стигал цӀийелла йолу дела“.
[3] Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хӀунда аьлча стигал цӀарула-цӀен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна.
[4] Боьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.
[5] Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера.
[6] ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах».
[7] И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тӀаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела».
[8] Ӏийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кӀезиг тешарш! ХӀунда боху аша шайгахь бепиг дац?
[9] ХӀинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта.
[10] Ткъа шуна дага ца догӀу виъ эзар стаг вузийна долу ворхӀ бепиг а, цул тӀаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а?
[11] ХӀунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу».
[12] ТӀаккха уьш кхийтира Ӏийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара.
[13] Ӏийса Пилап-паччахьан гӀалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КӀант мила ву боху?»
[14] Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхӀу-пайхамар, ткъа кхозлагӀчара Хьо Ярми-ЯхӀу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху».
[15] ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»
[16] ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».
[17] Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна.
[18] Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац.
[19] Аса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду».
[20] Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дӀа ма ала аьлла.
[21] Цу хенахь дуьйна Ӏийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Ӏеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна.
[22] Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тӀе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хӀума Хьуна тӀе ма кхочийла!»
[23] Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».
[24] Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“ бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза.
[25] ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду.
[26] ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча?
[27] Адамийн КӀант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дӀалур ду, хӀораммо а динчуьнга хьаьжжина.
[28] Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КӀант гур ву, Шен Олаллица схьавогӀуш волу!»