[1] Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира.
[2] Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира.
[3] Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.
[4] Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.
[5] Важа буьртигаш, жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.
[6] Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.
[7] Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира.
[8] Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш.
[9] Лергаш долчунна хӀара хезийла!»
[10] Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хӀунда дуьйцу Ахьа нахе?»
[11] Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.
[12] ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду.
[13] Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца го дела а, ладугӀуш боллушехь, хӀумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а.
[14] Царна тӀехь Ешаъ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугӀур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
[15] Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бӀаьргаш дӀахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бӀаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кӀеда а хир дара, уьш шайна гӀо дайта Суна тӀе а богӀур бара, Аса уьш то а бийр бара!“
[16] Ткъа шу декъалдина ду, хӀунда аьлча шун бӀаьргашна го, лергашна хеза.
[17] Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».
[18] «Ткъа хӀинца ладогӀал хӀу дӀадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьӀне.
[19] Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна.
[20] ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву.
[21] Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
[22] Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.
[23] Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».
[24] Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Ӏийсас ладугӀуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тӀехь дика хӀу дӀадийнера.
[25] Ткъа иза шен ялхошца вижина Ӏуьллучу хенахь кхуьнан мостагӀа веана. Иза, кӀена юккъе асаран буц а йийна, дӀавахана.
[26] КӀа, тӀе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла.
[27] Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хӀу дӀа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кӀена юккъе?“
[28] Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагӀчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гӀой, схьаяккхий и буц?“
[29] „ХӀан-хӀа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кӀен кенаш схьадохийла.
[30] Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».
[31] Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дӀадийначу уггар жимачу хӀух тера ду.
[32] Иза кхечу хӀун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тӀе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш».
[33] Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Ӏийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дӀаийна».
[34] И шадерг а Ӏийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна.
[35] Цу тӀехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш».
[36] Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».
[37] Ӏийсас цаьрга элира: «Дика хӀу дӀадийнарг – Иза Адамийн КӀант ву.
[38] Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хӀу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агӀонгара нах бу.
[39] И асаран буц дӀайийна волу мостагӀа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тӀаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу.
[40] Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь.
[41] Адамийн КӀанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,
[42] уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду.
[43] Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хӀара дӀахезийла».
[44] «Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.
[45] Стигалийн Олалла мехала жовхӀарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду.
[46] Шена къаьсттина мехала долу жовхӀар карийча, цо ша да мел волу хӀума дӀа а духкий, иза шен дола доккху.
[47] Кхин а Стигалийн Олалла Ӏам чу чӀерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чӀерий лелха.
[48] Бой юьзначул тӀаьхьа, чӀерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тӀаьхьа цара, охьа а ховший, дика чӀерий дӀахоржу, ткъа вуьш дӀакхуьссу.
[49] Иштта хир ду дуьненан тӀаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дӀа а къастийна,
[50] йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду».
[51] Ӏийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета».
[52] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Цундела хӀора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Ӏелам стаг цхьана хӀусамдех тера ву, дӀайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цӀена а хӀуманаш дӀалуш волчу».
[53] Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара.
[54] Ша кхиинчу гӀала а веана, церан гуламан цӀа чохь нах Ӏамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хӀуманаш лело ницкъ?
[55] Дечиган пхьеран кӀант вац Иза? Цуьнан ненан цӀе Марем яц? Ткъа вежарийн цӀераш Якъуб, Юша, ШамӀа, ЯхӀуд бохуш яц?
[56] Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?»
[57] Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цӀахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш».
[58] Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кӀезиг долу дела.