Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 9:59

[1] «Цу хенахь Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана дийнахь Итт зудабер, цхьацца стогар схьа а эцна, зуда ялош волчу кӀантана дуьхьалъяхана.

[2] Царах пхиъ сонта хилла, ткъа важа пхиъ хьекъал долуш хилла.

[3] Сонта пхиъ, шаьш стогарш схьаоьцуш, цу чу дуттуш долу даьтта схьаэца йицъелла.

[4] Хьекъал долуш долчу хӀора зудаберо, шаьш стогарш схьаоьцуш, шайн-шайн кхаби чохь даьтта а схьаэцна.

[5] Зуда ялош верг, схьа ца вогӀуш, хьевелла. ТӀегӀоьртинчу набарна зудабераш дӀатийна.

[6] Буьйса юккъе яьлча, цхьа мохь хезна царна: „ХӀей, зуда ялош верг вогӀуш ву шуна! Дуьйло, цунна дуьхьалгӀо!“

[7] Цу сохьта зудабераша, сама а девлла, шайн стогарш хьалалатийна.

[8] Пхеа сонтачу зудаберо вукхаьрга дехар деш хилла: „Лойша тхуна жимма даьтта, тхан стогарш дӀабовш бу“, – бохуш.

[9] Цаьрга хьекъал долчу зудабераша элира: „Шуна иза дала тхан йиш яц, и даьтта я шуна а, я тхуна а тоам боцуш ца дисийта. Йохкархой болчу а гӀой, эца аша“.

[10] Уьш даьтта эца бахана леллашехь, веана зуда ялош верг схьакхаьчна. Тойне даха кийча долу зудабераш цуьнца дахана, ткъа неӀ дӀакъовлаелла.

[11] ТӀаьххьара а даьхкина зудабераш схьакхаьчна. Цара аьлла: „Эла! Ва эла! НеӀ дӀаеллахьа тхуна!“

[12] Амма Цо цаьрга аьлла: „Аса баккъалла а боху шуьга: суна шу ца девза!“

[13] Цундела сема хила, хӀунда аьлча Адамийн КӀант вогӀур волу де а, сахьт а шуна хууш дац».

[14] «Стигалийн Олалла иштта хир ду. Цхьана стага, ша генарчу новкъа валале, шен ялхой схьа а гулбина, уьш шен бахам ларбан хӀиттийна.

[15] Цо шен ялхошна, хӀораннан а хьуьнаре хьаьжжина, ахча делла, царна луъучу агӀор иза лело. Цхьанна цо пхи гали деши делла, вукхунна ши гали деши делла, кхоалгӀачунна цхьа гали деши делла. ТӀаккха иза новкъа ваьлла.

[16] Шена пхи гали деши кхаьчначо, цхьана мехалчу гӀуллакха юккъе а вахана, царах кхин а пхи гали деши даьккхина.

[17] Ши гали деши кхаьчначо кхин а ши гали деши тӀедаьккхина.

[18] Ткъа цхьа гали деши шегахь долчо, ваха а вахана, ор а даьккхина, цу чохь и деши дӀалачкъийна.

[19] Дикка хан яьлча, веана эла схьакхаьчча, цо цаьрга хаьттина, хӀун дира аша шен ахчанах аьлла.

[20] Пхи гали деши шегахь дитинарг, кхин а пхи гали тӀе а диллина, и деши схьадахьаш веана. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь пхи гали деши дитира. Аса кхин а пхи гали тӀедаьккхина“.

[21] Эло цуьнга элира: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.

[22] Ши гали деши шегахь дитина верг а веана шен эла волчу. Цо аьлла: „Эла, ахьа соьгахь ши гали деши дитира, аса кхин а ши гали даьккхина“.

[23] Хьолан дас цуьнга аьлла: „Хьо дика, тешаме ялхо ву. Дика гӀуллакх дина ахьа аса хьайгахь дитинчу кӀеззиг долчу ахчанах. ХӀинца аса хьуна кхин а доккха гӀуллакх тӀедожор ду. Чувола, соьца цхьаьна самукъадаккха“.

[24] ТӀе а веана, хӀокхо шегахь цхьа гали деши дитинчу ялхочо аьлла: „Эла, суна хууш ду хьо луьра стаг вуйла. Ахьа айхьа дӀа ца дийначуьра ялта чуоьцу, айхьа охьа ца Ӏанийначуьра схьагулдо.

[25] Цундела аса, хьох кхоьруш, ваха а вахана, хьан деши лаьтта буха доьллира. Хьажал, хьан деши кхузахь ду хьуна“.

[26] Цуьнга хьолан дас аьлла: „Хьо вон а, болх бан кархдер доцуш а ялхо ву. Хьуна хууш ду, аса дӀа ца дийначохь ялта хьокхий, охьа ца Ӏанийначохь схьагулдой.

[27] Цундела хьо сан ахча мах лелош болчаьрга дӀадала дезаш ма вара. ТӀаккха, со юхавеача, аса сайн ахча тӀеяьлла са а йолуш схьаоьцур ма дара.

[28] Цуьнгара гали деши схьа а эций, итт гали деши долчуьнга дӀало.

[29] ХӀунда аьлча хӀоранна а шен долчунна тӀе кхин а сов лур ду, ткъа цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Амма хӀумма а доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккху.

[30] Чукхосса и шех пайда схьабер боцуш волу ялхо Ӏаьржачу бодане. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“».

[31] «Ткъа Адамийн КӀант Шен сийлаллица веача, Шеца массо а маликаш а долуш, Иза Шен стигалийн сийлаллехь охьахуур ву Шен паччахьан гӀанта тӀе.

[32] ТӀаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаӀуьно уьстагӀий гезарех санна, дӀасакъастор ду.

[33] УьстагӀий Цо Шена аьтту агӀор дохур ду, гезарий – аьрру агӀор.

[34] Паччахьо Шена аьтту агӀор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тӀедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дӀаэца. Иза шуна деш долу совгӀат ду,

[35] хӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хӀума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀеийцира.

[36] Со тӀехь беркъа волчу хенахь аша Суна тӀеюха хӀума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тӀаьхьадаьхкира“.

[37] ТӀаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хӀума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи?

[38] Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тӀе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тӀе хӀума?

[39] Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тӀаьхьа?“

[40] Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гӀо оьшучохь хӀокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.

[41] ТӀаккха Шена аьрру агӀор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неӀалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цӀера юккъехь ю шун меттиг.

[42] ХӀунда аьлча Со меца волчу хенахь аша яа хӀума ца елира, Со хьогах волчу хенахь мала хи ца делира.

[43] Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тӀе ца ийцира. Со цомгуш волчу хенахь, я набахти чохь воллучу хенахь аша Сан терго ца йира“.

[44] ТӀаккха цара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Тхуна хьо маца гина меца а, хьогах волуш а, я араваьлла лелаш? ТӀехь беркъа волуш а, могуш воцуш а? Тхуна маца гина хьо набахти чохь? Тхо маца Ӏийна Хьан гӀуллакх ца деш?“

[45] ТӀаккха Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: аша гӀо оьшучохь Сан цхьанна а вешина гӀо ца дина, царах уггар ледара волчунна а, иза Суна ца дина аша“.

[46] ТӀаккха уьш цкъа а хедар доцучу таӀзарехь хир бу, ткъа Делан лаамехь берш хедар доцучу дахаре кхочур бу».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters