Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 11:24

[1] Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира:

[2] «Стигалийн Олаллехь иштта ду. Цхьана паччахьо шен кӀантана зуда ялош той кечдина.

[3] Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна.

[4] Цо юха а ялхой бахийтина хьешашка дӀаала: „ЛадогӀалаш. Той дӀадахьа мел оьшуш дерг долуш ду. Дустийна долчу бежанашна урс а хьаькхна, шадерг а кийча ду. Дуьйлийша зуда ялочохь хӀоттийначу тойне“.

[5] Амма хӀокхара кхайкхина болчу хьешашна цига бахка ца лиъна, уьш шайн гӀуллакхашка маьӀ-маьӀӀе дӀасабевлла. Цхьаъ шен кха тӀе болх бан вахана, важа шен йохкаэцар лело вахана,

[6] ткъа вукхара, паччахьан ялхой схьа а лаьцна, уьш бала боллалц йиттина охьабехкина.

[7] Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахана. Цо, шен эскархой а бахийтина, шен ялхой байинарш байийтина, церан гӀала а ягийна.

[8] ТӀаккха цо шен ялхошка элира: „Дерриг а кийча ду той дӀадахьа. Амма тойне кхайкхинарш кхуза бахка хьакъ долу нах ца хилла.

[9] Даха а гӀой, хӀора некъ галморзаха болучу меттера нах схьакхайкха со волчу“.

[10] Ялхоша, баха а бахана, массо а меттера нах схьакхайкхина. Царна юкъахь дика нах а, вон нах а хилла. Хьешийн цӀа хьаладуьзна хилла цара.

[11] Паччахь уьш болчу араваьлча, хьешашна юкъахь цунна гира цхьа стаг, тӀехь тойне воьдуш юхуш йолу бедарш а йоцуш.

[12] Паччахьо цуьнга хаьттира: „ХӀей къонах, хьо муха кхаьчна кхуза цу бедаршца?“ Важа вист ца хилла.

[13] ТӀаккха паччахьо шен ялхошка омра дира: „Иза, схьа а лаций, ког-куьг дӀа а дехкий, Ӏаьржачу боданечу метте чукхосса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду“.

[14] Кхайкхинарш дукха бу, амма царна юкъахь хаьржинарш кӀезиг бу».

[15] ТӀаккха парушхой, ара а бевлла, шайна юкъахь барт беш хилла, Ӏийса дош харцдаьллачу меттехь муха лоцур вара техьа бохуш.

[16] Цара шайн мурдаш бахийтина Иза волчу, царах хӀародхой а тоьхна. Мурдаша Ӏийсага элира: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьхийла а. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу.

[17] Алахьа тхоьга, Хьуна хӀун хета, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»

[18] Ӏийсана хууш яра церан ямарта ойланаш, цундела Цо элира: «Шалхончаш! Со стенна зоь аш?

[19] Схьагайта Суна шаьш йолана луш долу ахча». Цунна дато динари-ахча схьадеара.

[20] ТӀаккха Цо хаьттира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйинарг?»

[21] Цара элира: «Римхойн паччахьан». ТӀаккха Ӏийсас цаьрга элира: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».

[22] Шайна иза хезча, уьш, цец а бевлла, дӀабахара.

[23] Цу дийнахь ХӀара волчу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара Цуьнга хаьттира:

[24] «Устаз, Мусас Ӏамадора: бер доцуш волу стаг велча, цуьнан вашас цунах йисина йолу зуда шена ерзор ю, ткъа цо дина долу бераш веллачун тӀаьхье санна лору.

[25] Цхьана хенахь кхузахь Ӏаш ворхӀ ваша вара. Царах воккхаха волчо зуда ялийра. Шен бераш хилале иза валар бахьана долуш, цуьнан зуда шозлагӀа волчу вешина йисира.

[26] Изза хӀума шозлагӀчу а, кхозлагӀчу а вешица хилира. Иштта ворхӀе а ваша велла дӀавелира.

[27] Царал массарал а тӀаьхьа зуда елира.

[28] Масала, нах беллачуьра денлучу дийнахь цу ворхӀ веших муьлхачун зуда хилла дӀахӀуттур ю иза? Уьш шаберш а цуьнца Ӏийна ма бу».

[29] Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна.

[30] Беллачуьра денлучу заманахь наха зударий а балор бац, я уьш маре а гӀур бац. Стигаларчу маликех тарлур бу уьш.

[31] Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг:

[32] „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“? Иза беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву!»

[33] Шайна и хьехам хезча, нах чӀогӀа цецбевлира.

[34] Цо садукъой Шен жоьпаца ала хӀума а доцуш битина хилар шайна хиъча, парушхой цхьаьна гулбелира.

[35] Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира:

[36] «Устаз, товратан хьехамашна тӀехь уггар хьалха тӀедиллина долу гӀуллакх муьлха ду?»

[37] Цо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“.

[38] Иза уггар хьалхара, уггар лакхара тӀедиллина гӀуллакх ду.

[39] Цунах терра шолгӀа тӀедиллинарг а ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“.

[40] Товрат тӀера бина берриге а хьехамаш а, пайхамарша яздина дерриге а Дала тӀедиллинчу оцу шина гӀуллакх тӀехь лаьтташ ду».

[41] ТӀаккха Ӏийсас схьагулбеллачу парушхошка хаьттира:

[42] «ХӀун ойланаш йо аша Дала леррина Къобалвинчух лаьцна? Хьенан КӀант ву Иза?» Цара Цуьнга элира: «Даудан КӀант ву».

[43] Ӏийсас цаьрга элира: «Делан Сино иракарахӀоттийна волчу Дауда хӀунда олу Цунах „Хьалдолу Эла“? Цо ма олу:

[44] „Везачу Эло аьлла сан Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’“.

[45] Дауда „Хьалдолу Эла“ ву аьлла, Цуьнан цӀе йоккхуш хилча, Иза муха хир ву Даудан кӀант?»

[46] Цхьаммо а, цхьа дош аьлла а, жоп ца делира Цунна дуьхьал. ХӀетахь дуьйна схьа Ӏийсага цхьа а хаттар дан ца хӀуттура уьш.

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters