Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:38

[1] Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира,

[2] хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла.

[3] Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».

[4] И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:

[5] «ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»

[6] Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира.

[7] Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира.

[8] Адамийн тобанна юкъахь болчара шайн бедарш некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара диттийн гаьннаш, схьа а хедош, некъа тӀе охьадохкура.

[9] Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»

[10] Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»

[11] Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.

[12] Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра.

[13] Цо элира: «Яздина ду: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду“. Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».

[14] Делан цӀийнан кертахь волчу Цунна тӀеэха буьйлабелира бӀаьрзенаш, астагӀнаш. Цо уьш тобира.

[15] Динан коьртачу дайшний, Ӏеламчу наханий Цо лелош долу тамашийна хӀуманаш гича а, Делан цӀийнан кертахь бераша детта маьхьарий: «Хастам хуьлда Даудан КӀантана!» – бохуш шайна хезча а, уьш карзахбевлла хьаьвзира.

[16] Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?»

[17] Цигара дӀа а ваьлла, Ӏийса Бет-ХӀине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо.

[18] Ӏуьйранна гӀала юхавогӀучу хенахь Ӏийса мацвеллера.

[19] Некъан йистехь ша лаьтташ долу комаран дитт а гина, Иза цунна тӀевахара. Амма цунна тӀехь, гӀаш доцург, цхьа а стом бацара. ТӀаккха Цо дитте элира: «Цкъа а цхьа а стом ма латабойла хьуна тӀе!» Комаран дитт цу сохьта дакъаделла дӀахӀоьттира.

[20] И сурт шайна гича, Кхуьнан мурдаша, чӀогӀа цец а бевлла, хаьттира: «И комаран дитт муха дакъадели сел сиха?»

[21] Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чӀогӀа тешар делахь, шуьга хӀокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Ӏаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду.

[22] Аша доӀанехь Делах тешарца доьхуш мел дерг а кхочуш хир ду».

[23] Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»

[24] Ӏийсас цаьрга жоп делира: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар. Цунна аша жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.

[25] Яхьъяс адамаш хих чекхдахар мичара дара? Стигалара дара я Адамашкара дара?» ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла.

[26] Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву».

[27] Ӏийсана цара жоп делира: «Тхуна ца хаьа», – аьлла. ТӀаккха Цо цаьрга элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».

[28] «Шуна муха хета? Цхьана стеган ши кӀант хилла. Цо, хьалхарчунна тӀе а вахана, элира: „КӀант, тахана ваха а гӀой, сан кемсийн бешахь болх бе“.

[29] КӀанта элира: „Суна ца лаьа“. Амма иза, ойла йинчул тӀаьхьа метта а веана, болх бан вахара.

[30] ТӀаккха дас, важа кӀант волчу а вахана, вукхуьнга а изза элира. ШолгӀачу кӀанта жоп делира: „ГӀур ву“. Амма иза болх бан ца вахара.

[31] Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу.

[32] ХӀунда аьлча Яхьъя шу долчу Делан лаамехь болчу новкъахула веара, амма шу цунах ца тийшира. Ял гулъешберш а, хьарам новкъахула лелаш болу зударий а цунах тийшира. Амма шу, шайна дерриг а гиначул тӀаьхьа а, метта ца даьхкира цунах тешархьама».

[33] «ЛадогӀалаш кхин а цхьана хьекъалечу дийцаре. Цхьана шен долахь латта долчу стага кемсаш йийна хилла. Цу бешана гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна цо. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.

[34] Кемсаш схьагулъян хан тӀекхаьчначу хенахь, цо кемсаш лелош берш болчу шен ялхой бахийтина шена догӀу дакъа схьаэца.

[35] Амма цара, кхо бахкийтина болу нах схьа а лаьцна, царах цхьанна чӀогӀа йиттина, важа вийна, ткъа кхозлагӀниг, тӀулгаш диттина.

[36] ТӀаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гӀиллакх“ хӀоттийна кемсашлелорхоша.

[37] Эххар а цо шен кӀант вахийтира, олуш: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“.

[38] Шайна кӀант гича, цара вовшашка элира: „Иза хин олу хӀусамда ву. Иза вен а вийна, цунна кхочу болу бахам вай ваьшна бита беза“.

[39] Цунна тӀе а кхетта, кемсийн бешара иза ара а ваьккхина, цара иза вийна.

[40] Шуна муха хета, хӀун дийр ду кемсийн беш йолчу дас, ша цига веача?»

[41] Цара Ӏийсага элира: «Цо уьш, къа ца хеташ, хӀаллакбийр бу, ткъа кемсийн беш кхечаьрга йолах болх бан тӀелоцуьйтур ю, шена догӀуш долу дакъа, хан тӀекхаьчча, схьалун долчаьрга».

[42] Ӏийсас цаьрга элира: «Аша ца дешна Делан Йозанашна тӀехь дерг: „ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина. Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“

[43] Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.

[44] Цу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀебоьжча, цо иза хьошур ву».

[45] Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла.

[46] Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters