[1] «ХӀунда аьлча Стигалийн Олалла иштта ду. Шен долахь латта а долуш, Ӏуьйранна сахуьлучу хенахь шен кемсийн бешахь болх байта белхалой лаца вахана цхьа стаг.
[2] Цхьа динари ахча лур ду аьлла, цаьрца барт а бина, цо уьш шен кемсийн беша дӀахьажийна.
[3] Ӏуьйранна исс сахьт даьлча, базаран майданахула тӀехволуш, цунна гина цхьа а хӀума а ца деш лаьтташ волу масех стаг.
[4] Цо цаьрга аьлла: „Дуьйло, сан кемсийн бешахь болх бе, аса шуна бала беззаш болу мах дӀалур бу“.
[5] Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина.
[6] Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“
[7] Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.
[8] Суьйре тӀекхаьчча, беш йолчу дас ша белхалошна тӀехьажа хӀоттийначуьнга элира: „Белхалой схьа а кхайкхий, царна алапа дӀало – тӀаьхьара болчарна тӀера дӀадоладай, хьалхарчарна тӀекхаччалц“.
[9] Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла.
[10] Хьалха цо тӀелаьцна болчарна, шайна алсам ахча дала деза аьлла хетташехь, царна а делла цхьацца динари.
[11] Ахча схьаэцначул тӀаьхьа уьш, хьолахочунна резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелла.
[12] Цара бохуш хилла: „Уггар тӀаьхьа баьхкинчара цхьана сахьтехь бен болх ца бина, ткъа уьш тхоьца дӀанисбина. Ткъа дукхах болу болх оха бина, дийнахь сарралц малхан тов а ловш“.
[13] Царах волчу цхьаьнга хьоладас аьлла: „ХӀей къонах, аса хьоьца хьарамло ма ца йина. Вайшиммо бина барт ма бара, ахьа цхьана динарих болх бийр бу аьлла.
[14] Хьайна догӀуш долу ахча дӀа а эций, дӀагӀо хьайн новкъа. Ткъа суна тӀаьхьо баьхкинчарна а хьуна деллачул ахча дала лаьа.
[15] Сайн бахамах сайна луъург дан йиш йолуш вац со? Сан комаьрша хилар бахьана долуш ю хьан соьца йолу хьагӀ?“
[16] Иштта тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу, ткъа хьалхе йоккхуш берш тӀаьхьара хир бу».
[17] Ярушалайме боьдучу новкъахь Ӏийсас Шен шийтта мурде, юьстаха а ваьккхина, элира:
[18] «ЛадогӀа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КӀант динан коьртачу дайшкий, Ӏеламчу нахей дӀалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю.
[19] ТӀаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дӀалур ву. Цара Иза жӀарах дӀатухур ву. КхозлагӀчу дийнахь Иза денвийр ву».
[20] Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.
[21] Ӏийсас цуьнга хаьттира: «Хьуна хӀун оьшу?» Цо жоп делира: «Суна чӀагӀо ехьа, Хьан Паччахьаллехь хӀара сан ши кӀант Хьайна юххехь охьахуур ву аьлла. Цхьаъ Хьуна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор охьахаавехьа».
[22] Амма Ӏийсас элира: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара.
[23] Ткъа Ӏийсас цаьрга элира: «Аса молу къаьхьа кад-м мер бу аша. Амма Суна аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаар – иза Сан карахь дац. Сан Дас и меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
[24] Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара цу шинна.
[25] Амма Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хууш ма ду, кхечу къаьмнийн куьйгалхоша шайн адамашна тӀехь олалла дойла а, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла а.
[26] Амма шуна юкъахь хила ца деза иштта. Шух уггар лакхара хила лууш верг шун ялхо хила веза.
[27] Шух хьалхара хила лууш верг шун лай хила веза.
[28] Адамийн КӀант а ма ца веана Шена хьалхара гӀуллакх дайта. Иза нахана гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
[29] Ӏийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гӀалара дӀабоьлхучу хенахь, царна тӀаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра.
[30] Некъа йистехь хиъна Ӏаш волу бӀаьрзе ши стаг, Ӏийса уллохула тӀехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КӀант!»
[31] Тобанна юкъара нах, гӀовгӀа ма е а бохуш, вуьш чехо хӀоьттича, цара кхин а чӀогӀа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КӀант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
[32] ТӀаккха Ӏийсас, саца а сецна, уьш Шена тӀекхайкхира. Цо цаьрга хаьттира: «Аса хӀун дойла лаьара шуна?»
[33] Цара Цуьнга элира: «Эла! Тхуна тхан бӀаьргаш схьаделладала лаьара».
[34] Царах къа а хетта, Ӏийсас церан бӀаьргех куьг Ӏоьттира. Церан бӀаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тӀаьхьахӀоьттира.