Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:06

[1] Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш.

[2] ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:

[3] «Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.

[4] Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.

[5] Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.

[6] Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.

[7] Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.

[8] Декъалбина бу цӀена дог дерш – царна Дела гур ву.

[9] Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гӀуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цӀе туьллур ю.

[10] Декъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».

[11] «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь.

[12] Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».

[13] «Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.

[14] Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц.

[15] Иштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо – иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта.

[16] Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».

[17] «Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву.

[18] Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц.

[19] Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву.

[20] Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».

[21] «Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“.

[22] Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву.

[23] Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь,

[24] и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.

[25] Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву.

[26] Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».

[27] «Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар?

[28] Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина.

[29] Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул.

[30] Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах влар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».

[31] «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“.

[32] Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».

[33] «Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“.

[34] Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю.

[35] Лаьттах а ма е чӀагӀо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю.

[36] Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац.

[37] Шаьш, „хӀаъ“ аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“ хилийта. „ХӀан-хӀа“ шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна».

[38] «Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“.

[39] Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае.

[40] Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало.

[41] Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо.

[42] Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».

[43] «Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“.

[44] Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха –

[45] шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а.

[46] Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна.

[47] Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна.

[48] Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters