Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:13

[1] ХӀара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан схьаваларх лаьцна долу дӀаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахӀиман тӀаьхьенах хилла.

[2] ИбрахӀим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,

[3] ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да.

[4] Рам Ӏамминадабан да хилла, Ӏамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да,

[5] Салман – БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла. БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла. Ӏабади Юшайн да хилла,

[6] Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла.

[7] Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла, РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да, Аби-ЯхӀу – Асин да,

[8] Аса – ЯхӀушаптин да, ЯхӀушапти – Йораман да, Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,

[9] Ӏузи-ЯхӀу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхӀун да,

[10] Хьузакх-ЯхӀу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхӀун да,

[11] Юши-ЯхӀу – Яхун-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дӀадигна хилла.

[12] Бавел-махкара цӀа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхӀу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла,

[13] Зурбабел – Авадин да хилла, Авади – Элъякъиман да, Элъякъим – Узаран да,

[14] Узар – ЦӀадукъин да, ЦӀадукъа – Ахьмин да, Ахьма – Аладин да,

[15] Алади – ЭлиӀазаран да, ЭлиӀазар – МатӀанин да, МатӀани – Якъубан да,

[16] Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Ӏийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йоккхуш волу.

[17] ИбрахӀимна тӀера Даудана тӀе кхаччалц ейтта тӀаьхье хилла, Даудана тӀера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тӀаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тӀаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тӀаьхьа Ӏийса дуьнен чу валлалц.

[18] Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Ӏийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар.

[19] Цуьнан хин волу майра Юсуп чӀогӀа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла.

[20] Цо цу гӀуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кӀант Юсуп, Марем хьайна дӀайига ма кхера, хӀунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.

[21] Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».

[22] И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тӀера дешнаш иштта дара:

[23] «ЙоӀстага, берах а хилла, КӀант вийр ву, Цуьнан цӀе Ӏимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду».

[24] Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.

[25] Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.

Ӏийсас беана, Маттайс дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters