[1] СадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла.
[2] И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».
[3] Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?
[4] Цо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла.
[5] Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?
[6] Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву.
[7] Делан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара.
[8] Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».
[9] Цул тӀаьхьа цигара дӀа а ваьлла, церан гуламан цӀа чу вахара Ӏийса.
[10] Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»
[11] Ӏийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а?
[12] Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду».
[13] Цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дӀакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дӀахӀоьттира.
[14] Парушхой, вовшах а кхетта, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира.
[15] Иза хууш волу Ӏийса цигара дӀавахара. Цунна тӀаьхьа дукха адам хӀоьттира. Цо цомгуш мел верг товира.
[16] ХӀора Ша то мел винчу стагана Ӏийсас тӀедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла.
[17] Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула аьлларг:
[18] «ХӀара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тӀе, Кхо халкъашна нийсо дӀакхайкхор ю!
[19] ХӀара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац.
[20] Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц.
[21] Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!»
[22] ТӀаккха Ӏийсана тӀе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бӀаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Ӏийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бӀаьрса схьа а деана, дӀахӀоьттира.
[23] Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: «Даудан КӀант-м вац теша Иза?»
[24] Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дӀалелхадо церан эла волчу БаӀал-Зебула-жинан гӀоьнца».
[25] Ӏийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хӀаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хӀора гӀала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац.
[26] Нагахь санна жин жино дӀалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла?
[27] Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаӀал-Зебулин гӀоьнца дӀалохкуш хилча, шуна тӀаьхьахӀоьттинчара хьенан гӀоьнца лохку уьш дӀа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел.
[28] Амма Аса Делан Синца уьш дӀалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар.
[29] Шел ницкъ болуш волчу стеган цӀа чуьра хӀума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дӀавихкина бен? Цул тӀаьхьа бен далур дуй къола?
[30] Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дӀасакхуьйсуш ву.
[31] Цундела боху шуьга: хӀора латийначу къина, динчу Ӏесачу къамелана стаг дохковаьллачул тӀаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац.
[32] Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а.
[33] Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХӀора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу.
[34] Шу, лаьхьанийн тӀаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тӀехь ма хуьлу.
[35] Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту.
[36] Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хӀора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а.
[37] ХӀунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю».
[38] Цхьаболчу Ӏеламчу нахий, парушхоший Ӏийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чӀогӀа лаьара Ахьа тамашийна гӀуллакхийн билгало гойтийла!»
[39] Амма Ӏийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тӀаьхье! Тамашийна гӀуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург.
[40] Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.
[41] Къематан дийнахь Нунав-гӀалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хӀунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву.
[42] Цу тӀаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хӀунда аьлча иза цхьана дуьненан маьӀӀера йогӀура Сулим-паччахье ладогӀа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
[43] «Харцжин стагах дӀакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тӀетовжа меттиг а ца карош.
[44] ТӀаккха цо олу: „Со арадаьллачу цӀа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Ӏийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цӀанйина а карайо цунна.
[45] ТӀаккха доьдий, цо шеца ворхӀ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хӀусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Ӏаш долчу вон адамашца а».
[46] Нахаца Ӏийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш.
[47] Цхьаммо Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь».
[48] Иза аьллачуьнга Ӏийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?»
[49] Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХӀорш бу Сан нана а, вежарий а!
[50] Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»