[1] ШолгӀачу Ӏуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Ӏийса вейта барт бира.
[2] Иза, дӀа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дӀавигира цара.
[3] Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира.
[4] Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хӀун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».
[5] Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цӀийнан керта дӀа а кхоьссина, ЯхӀуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира.
[6] Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХӀара Делан цӀийнан хазни чуьра ахчанах дӀатоха мегар дац, цӀий Ӏанадайтина ахча долу дела».
[7] Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегӀаш еш волчун латта ийцира, цу тӀехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дӀабохка.
[8] Цундела тахана а и латта «ЦӀийн латта» олуш ду.
[9] Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхӀус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хӀоттийна волчунна тӀера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах.
[10] Иза кхийра пхьегӀаш еш волчун лаьттах дӀаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».
[11] Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза».
[12] Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хӀумма а ца элира.
[13] ТӀаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?»
[14] Амма Ӏийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чӀогӀа цецваьллера.
[15] ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь мехкан куьйгалхочо набахти чу боьхкинчу нахана юкъара халкъо къастийна волу цхьа стаг дӀахоьцура.
[16] Цу хенахь набахти чохь воллуш вара цӀеяхана волу зуламхо ЮшаӀ-Барраб.
[17] Нах схьагулбелча, Пулата цаьрга хаьттира: «Аса царах муьлха дӀахоьцийла лаьа шуна: ЮшаӀ-Барраб я Ӏийса, „Дала леррина Къобалвинарг“ олуш волу?»
[18] Пулатана хаьара, Ӏийса цара, Цуьнга хьагӀ хилар бахьана долуш, ямартло а йина, валийнийла.
[19] Пулат мехкан кхеташонехь Ӏаш волчу хенахь цуьнга шен хӀусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хӀунда аьлча дӀаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гӀенах чӀогӀа бала хьийгира», – аьлла.
[20] Амма динан коьртачу дайша а, къаноша а гулбеллачаьрга шайн лаам дӀахаийтира: Барраб кӀелхьара а ваьккхина, Ӏийса вен кхел яйта лаар.
[21] ТӀаккха мехкан куьйгалхочо халкъе хаьттира: «Цу шиннах муьлханиг дӀахоьцийла лаьа шуна?» Цара элира: «Барраб».
[22] Пулата цаьрга элира: «Аса хӀун дан деза, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цӀе йолуш волчу Ӏийсана?» Цара массара а элира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!»
[23] Пулата хаьттира: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма цара кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха!» – бохуш.
[24] И сурт гуш волчу Пулата, адам кхин а чӀогӀа карзахдала кийча дуйла шена гича, массарна а гуш хи схьа а эцна, шен куьйгаш дилира. Цо элира: «ХӀокху Стеган цӀий сох ца хьаьрчина. Аш-шаьш жоп ло».
[25] Адамаша жоп делира: «Цуьнан цӀий тхуний, тхан берашний тӀехь хуьлийла!»
[26] ТӀаккха цо Барраб дӀахецийтира, ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, церан кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.
[27] ТӀаккха Ӏийса мехкан куьйгалхочун тӀемалоша кхел кхайкхо гӀишло чу вигира. Цунна гонах тӀемалойн тоба гулъелира.
[28] Ӏийсана тӀера бедарш дӀа а яьхна, цара Цунна тӀе цӀен оба кхоьллира.
[29] Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира, аьтту куьйга Ӏаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хӀиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»
[30] Цара Цунна тӀе туйнаш детта долийра, тӀаккха Цуьнан карара Ӏаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра.
[31] Шаьш Иза аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Цуьнан Шен бедарш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха Ӏийса жӀарах дӀатоха дӀавигира.
[32] ХӀорш дӀабоьлхучу хенахь кхарна дуьхьал кхийтира Къуринара волу ШамӀа цӀе йолу стаг. Иза саца а вина, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара.
[33] Уьш схьакхечира «Галгатхьа» олучу метте (иза «туьтанан меттиг» бохург ду).
[34] Стимаца эдина долу чагӀар малийта гӀоьртира уьш Ӏийсага, амма Цо, цунах чам баьккхинчул тӀаьхьа, иза ца мелира.
[35] Иза жӀарах дӀа а тоьхна, тӀемалой, шайна юкъахь Ӏийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хӀиттира.
[36] Цул тӀаьхьа, охьа а хевшина, уьш Иза ларвеш бара.
[37] Ӏийсан коьрта тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара ву Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХӀара стенна бехке веш ву билгалдоккхура.
[38] Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна. Цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор.
[39] Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош,
[40] Цуьнга бохура: «ХӀей, Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь иза юха дӀахӀоттош верг! Хьо Делан КӀант велахь, кӀелхьарвала хьажа, охьавосса жӀаран бӀогӀамна тӀера!»
[41] Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура:
[42] «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало Кхуьнга. Ша Исраилан халкъан паччахь велахь, охьавосса хӀинца жӀарана тӀера. ТӀаккха тхо Цунах тешар ду!
[43] Иза Делах тешна вара, тӀаккха Дала кху баланах кӀелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КӀант ву!“»
[44] Кхуьнца жӀарах дӀатоьхна болчу талорхоша а сийсазвоккхура Иза.
[45] Делкъахенахь лаьтта цӀеххьана Ӏаьржа бода боьссира. Дийнахь кхо сахьт даллалц лаьттира иза.
[46] Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?»
[47] Кхузахь лаьтташ болчу цхьаболчара, и дешнаш шайна хезча, элира: «И стаг Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх!»
[48] Царах цхьаммо, ведда вахана, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага дӀакховдийра, Цуьнга малийтархьама.
[49] Амма вукхара бохура: «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара кӀелхьарваккха».
[50] Ӏийсас кхин цкъа а мохь туьйхира. ТӀаккха Шен Са дӀаделира Цо.
[51] ЦӀеххьана Делан цӀийна чохь уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. Латта дегадора, тӀулгаш лелхара.
[52] Къуббанаш еллаелира, дуккха а Делан нах беллачуьра денбира.
[53] Ӏийса денвеллачул тӀаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхӀудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гӀалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира.
[54] Ӏийса ларвеш хиллачу тӀемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хӀуманаш гича, чӀогӀа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КӀант хилла!»
[55] Геннара цу суьрте хьоьжуш лаьтташ дуккха а зударий бара. Уьш Ӏийсаца Галилайра схьабаьхкина бара, Цуьнан хьашташ кхочушдархьама.
[56] Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.
[57] Суьйре тӀееача, Рамат-гӀалара Юсуп цӀе йолу хьалдолу стаг веара. Иза а вара Ӏийсан мурдех.
[58] Пулат волчу а веана, цо, Ӏийсан дакъа шега схьалахьара аьлла, дехар дира. Пулата, дакъа дӀало аьлла, омра дира.
[59] Юсупа, дакъа схьа а эцна, цӀеначу кӀади юккъе а хьарчийна,
[60] ша шена ломахь яьккхинчу керлачу къуббанна чу охьадиллира. Цунна дуьхьал боккха тӀулг а карчийна, цу чу воьду меттиг дӀа а къевлина, иза дӀавахара.
[61] Магдалера Марем а, важа Марем а цу къуббанна дуьхьал охьахиира.
[62] Иза хилира пӀерасканан дийнахь, Далла лерина долчу шоьтан денна кечам бечу хенахь. ШолгӀачу дийнахь динан коьртачу дайша а, парушхоша а, Пулат волчу а баьхкина,
[63] элира: «Эла, тхуна хӀинца дагадеа иза: цу нах лебечо ша дийна волуш элира: „КхоалгӀачу дийнахь Со денлур ву“.
[64] Цундела, и чохь волу къубба, и кхо де даллалц, дикка ларъе алий, омра дехьа, Цуьнан мурдашка дакъа, лачкъа а дина, дӀа ца дахьийта. Цара эр ма ду: „Иза веллачуьра денвелла“. ТӀаккха шолгӀа аьлла харцдерг хьалха аьллачул а вон хир ду».
[65] Пулата цаьрга элира: «Шайца гӀаролхой схьа а эций, даха а гӀой, шайна бакъахьа хеттачу агӀор ларъе и къубба».
[66] Цара, дӀа а бахана, къуббанна чу воьду меттиг чӀагӀйина хиларан билгало а йина, цигахь гӀарол дӀахӀоттийра.