[1] Дала леррина къобалвинчу Делан КӀантах Ӏийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта.
[2] ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
[3] Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“».
[4] Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама».
[5] ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догӀура цунна тӀе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга.
[6] Цо эмкалан тӀергӀах дина духар леладора, шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦӀоз а, акха моз а дуура Яхьъяс.
[7] Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогӀу суна тӀаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хӀоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста хьакъ вац со.
[8] Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу».
[9] Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гӀалара Ӏийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира.
[10] Ӏийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дӀаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тӀе. И Делан Са Ӏийсана чу дуьйлира.
[11] Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам».
[12] Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира.
[13] Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Ӏийсас. Акхарошна юкъахь Ӏаш вара Иза, маликаша Цунна гӀуллакх а деш.
[14] Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тӀаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Ӏийса Галилай-махка вахара.
[15] Цо олура: «Хан тӀекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерзий, хазачу кхоах теша».
[16] Галилай-Ӏомана юххехула чекхволуш, ШамӀа а, цуьнан ваша Ӏандар а гира Ӏийсана. Уьш чӀерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чӀерийлецархой болу дела.
[17] Ӏийсас элира цаьрга: «Суна тӀаьхьахӀитта, ткъа Аса хӀинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух».
[18] Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Ӏийсана тӀаьхьахӀиттира.
[19] Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кӀант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чӀерий лоцу бойнаш тоеш бара.
[20] Ӏийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тӀаьхьа хӀиттира.
[21] Уьш Къапарнаме дӀабуьйлабелира. Шоьтан де тӀе ма деъана, Ӏийсас гуламан цӀа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира.
[22] Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хӀунда аьлча Ӏеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Ӏийсас.
[23] ЦӀеххьана гуламан цӀа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш:
[24] «Хьан хӀун гӀуллакх ду тхоьца Назартара Ӏийса? Тхо хӀаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!»
[25] Ӏийсас омра дира жине: «ДӀасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла.
[26] ТӀаккха, и стаг дӀаса а виттина, чӀогӀа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин.
[27] Чохь берш чӀогӀа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хӀун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тӀехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугӀу».
[28] Дукха хан ялале Ӏийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара.
[29] Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара.
[30] ШамӀин стуннана чӀогӀа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Ӏийсага.
[31] Ӏийсас, тӀе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагӀатта гӀо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дӀа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг.
[32] Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Ӏийсана тӀе.
[33] Дукха адам гулделла дӀахӀоьттинера неӀаре.
[34] Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Ӏийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Ӏийсас ца магадора, Ша мила ву дийца.
[35] Ӏуьйранна, сатасале, цӀера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Ӏийса. Цигахь Цо доӀа дира.
[36] Ткъа ШамӀагӀар Иза лаха арабевллера.
[37] И карийча, цара элира Ӏийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву».
[38] Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гӀаланашка а, ярташка а гӀо вай, цигахь хьехамаш бан, хӀунда аьлча Со цунна веана ма ву».
[39] Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цӀеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Ӏийса.
[40] ДӀа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Ӏийсана тӀе. Ӏийсана хьалха гора а воьжна, шена гӀо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа».
[41] Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Ӏоьттина, Ӏийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦӀанло!»
[42] Цу сохьта, и цамгар дӀа а яьлла, цу стеган дегӀ цӀанделира.
[43] Ӏийсас, и стаг сихонца дӀа а хьажош, чӀогӀа тӀедилларца элира цуьнга:
[44] «Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хӀинца ваха а гӀой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тӀе-ма-диллара, Далла лерина сагӀанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха».
[45] Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гӀалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кӀеззиг долчу меттигашкахь соцура Ӏийса. ХӀетте а массанхьара а адам догӀура Цунна тӀе.