Skip to content
Opens in a new window

[1] «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.

[2] Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду.

[3] Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

[4] «Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.

[5] Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале.

[6] Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама».

Малъаки-пайхамаран тептар — Chapters