Skip to content
Opens in a new window

[1] Юсупан кӀентан Маннашан кӀант волчу Макиран кӀентан ГалӀадан тӀаьхьенийн куьйгалхоша, тӀе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш,

[2] элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тӀедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тӀедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоӀаршна далар.

[3] Нагахь санна и йоӀарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гӀахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дӀа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дӀадер ду и латта.

[4] Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахӀитторан шо тӀекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТӀаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дӀадер дара».

[5] Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тӀаьхьенах долчу гарано.

[6] Цалпихьадан йоӀаршца доьзна Везачу Эло иштта тӀедуьллу: „Шайн бӀаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза.

[7] Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хӀунда аьлча исраилхойх волу хӀорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза.

[8] Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоӀ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хӀоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама.

[9] Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан хӀора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».

[10] Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоӀарша.

[11] Цалпихьадан йоӀарий – Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуӀат – шайн ден вежарийн кӀенташка маре бахара.

[12] Юсупан кӀентан Маннашан тӀаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.

[13] Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тӀедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters