[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду:
[3] къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду.
[4] Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду.
[5] Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш.
[6] Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.
[7] Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц.
[8] ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош.
[9] Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.
[10] Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц.
[11] Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду.
[12] Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц. Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».
[13] Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза,
[14] хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна.
[15] Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».
[16] Везачу Эло Мусага элира:
[17] «Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а.
[18] ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта.
[19] Церан цӀераш хӀорш ю: ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву;
[20] ШимӀин тайпанна – ӀамихӀудан кӀант Шамуал;
[21] Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кӀант Эли-Дада;
[22] Данан тайпанна – ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай;
[23] Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кӀант Хьаниал;
[24] Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кӀант волу эла Къамуал;
[25] Забулан тайпанна – Парнакан кӀант Эли-Цапан;
[26] Иссарханан тайпанна – Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал;
[27] Ашаран тайпанна – Шалумин кӀант АхьъяхӀуд;
[28] Напталан тайпанна – ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил».
[29] КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.