Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «АхӀаронна тӀе а дуьллуш, цуьнга иштта дӀаала: „Ахь ворхӀ къуьда стогар чу дӀахӀотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта“».

[3] АхӀарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта АхӀарона къуьданаш дӀахӀиттийра.

[4] Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тӀекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.

[5] Везачу Эло Мусага элира:

[6] «Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цӀанбе.

[7] Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу.

[8] СтаргӀа а, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгӀа старгӀа къинан сагӀина схьаэца ахьа.

[9] Левихой гуламан четарна хьалха дӀахӀиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дӀагулде цига.

[10] Везачу Элана хьалха дӀахӀиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тӀе куьйгаш дахкийта.

[11] Исраилхошна тӀера долу шатайпа сагӀа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхӀароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама.

[12] Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгӀанийн кортош тӀе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагӀа, шолгӀаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагӀа даккха деза, левихойн къинош дӀадахархьама.

[13] АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а хьалха левихой дӀа а хӀиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа уьш.

[14] Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дӀакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама.

[15] Цул тӀаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хӀунда аьлча уьш, цӀан а бина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина къобалбина бу.

[16] Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хӀора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна.

[17] Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хӀума: кӀентех а, бежанех а – Сан ду. ХӀунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кӀентех а, бежанех а, дерриг а хӀаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира.

[18] ХӀинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэцна.

[19] Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дӀадахийтархьама а. ТӀаккха бохам тӀебогӀур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича».

[20] Мусас а, АхӀарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тӀе мел диллинарг.

[21] Левихоша шайн догӀмаш а цӀандира, тӀера бедарш а йиттира. Цул тӀаьхьа АхӀарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагӀа санна хьала а айира, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цӀанбархьама.

[22] Иза динчул тӀаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хӀиттира, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тӀедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара.

[23] Везачу Эло Мусага элира:

[24] «Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хӀора левихо Делан четарца доьзна долу гӀуллакх дан хӀотта веза.

[25] Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гӀуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу.

[26] Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гӀуллакх тӀехь шайн вежаршна гӀо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча – цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гӀуллакхе хьаьжжина».

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters