[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву».
[3] Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш.
[4] Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве».
[5] Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо.
[6] ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а.
[7] Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара.
[8] Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца.
[9] Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара.
[10] Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра.
[11] Шаьш схьаяьккхина ерриг хӀума а, шайн хӀонс а – адамашна тӀера хьайбанашна тӀекхаччалц йолу ерриге а хӀума – схьа а эцна,
[12] Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, Исраилан халкъана а тӀеяьхьира цара.
[13] Муса а, динан да ЭлиӀазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тӀамера юхабирзинчу тӀемалошна дуьхьалбахара.
[14] Муса оьгӀазвахара тӀамера цӀа бирзинчу тӀеман хьаькамашна – эзарна а, бӀенна а тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна.
[15] Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хӀунда битина аша?
[16] БалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера.
[17] Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а.
[18] Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоӀарий шайна дийна бита.
[19] Ткъа хӀинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дӀа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхӀ де даккха, ткъа кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь шаьш а цӀанло, шайн йийсарехь берш а цӀанбалийта.
[20] Ерриг а бедарш йитта, тӀаьрсигах а, гезарийн тӀергӀах а йина йолу ерриг хӀума а цӀанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегӀаш а цӀанъе».
[21] Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду:
[22] деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а,
[23] дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха.
[24] Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».
[25] Везачу Эло Мусага элира:
[26] «Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц.
[27] И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь.
[28] ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ – адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь.
[29] Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина.
[30] Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца – адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш».
[31] Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а.
[32] ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат,
[33] доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат,
[34] кхузткъе цхьа эзар вир,
[35] цкъа а стагах кхетаза болчу зударех – ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг.
[36] ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат
[37] (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара),
[38] доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара),
[39] ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра),
[40] ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара).
[41] Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Цунна совгӀатна лерина йолу ял динан дега ЭлиӀазаре дӀаелира.
[42] ТӀемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дӀакъастийра Мусас.
[43] Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогӀура: жимачу даьхних кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат а,
[44] Хьайба ткъе ялхитта эзар дара.
[45] Вир яра ткъе итт эзар пхи бӀе.
[46] Адам ялхитта эзар дара.
[47] Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дӀаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀаделира.
[48] Эскаран тобанашна тӀехӀиттийна болу эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаш Мусана тӀебаьхкира.
[49] Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тӀемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац.
[50] Оха Везачу Элана сагӀина лерина хӀораммо а ша схьаяьккхинчух хӀума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хӀуманаш: зӀенаш а, пхьаьрсах духку хӀазарш а, пӀелгах духку мухӀарш а, лергах ухку чӀагарш а, коча ухку хӀуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дӀабалархьама».
[51] Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а деших йина йолу ерриг а хӀуманаш дӀаийцира.
[52] Эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгӀатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт шекхал бара.
[53] ТӀемалоша йоккхуш йолу хӀонс хӀораммо а шена йоккхура.
[54] Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна.