Skip to content
Opens in a new window

[1] Цул тӀаьхьа, Хьацерут цӀе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цӀе йолчу яьссачу арахь сецира.

[2] Везачу Эло Мусага элира:

[3] «Аса исраилхошна луш долу канаӀанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тӀаьхьенах долчу хӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта».

[4] Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цӀе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара.

[5] Церан цӀераш хӀорш яра: Раабанан тӀаьхьенах волу Закхуран кӀант ШамуӀ,

[6] ШимӀин тӀаьхьенах волу Хьорин кӀант Шапти,

[7] ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Епунин кӀант Килаб,

[8] Иссарханан тӀаьхьенах волу Юсупан кӀант ИгӀал,

[9] Эпрайман тӀаьхьенах волу Нунин кӀант ХӀушаӀ,

[10] Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Рапун кӀант Палти,

[11] Забулан тӀаьхьенах волу Содин кӀант Гадиал,

[12] Маннашан тӀаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кӀант Гади,

[13] Данан тӀаьхьенах волу Гималин кӀант Ӏамиал,

[14] Ашаран тӀаьхьенах волу Микаалан кӀант Сатур,

[15] Напталан тӀаьхьенах волу Вопсин кӀант Нахьби,

[16] Гадин тӀаьхьенах волу Макин кӀант Гауал.

[17] Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цӀераш. Нунин кӀантана ХӀушаӀана, ЮшаӀ аьлла, цӀе тиллира Мусас.

[18] Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дӀахьажийра Мусас и нах канаӀанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегӀаб-яьссачу аренгахула а гӀой, лаьмнаш тӀе довла.

[19] Цигара латта муха ду а хьовса, цу тӀехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кӀезиг ду?

[20] И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гӀаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Ӏаш ду я дика чӀагӀйинчу гӀаланаш чохь дехаш ду талла.

[21] Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гӀерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.)

[22] Цара, дӀа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Ӏинна юххехь йолчу Рахьуб-гӀалина тӀекхаччалц и мохк теллира.

[23] Меттамотт болчуьра дӀа а бахана, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гӀала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Ӏаьнакхан тӀаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гӀала яра Мисар-махкарчу ЦоӀан-гӀаланал ворхӀ шо хьалха дӀахӀоттийна.

[24] Уьш Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу баьхкира. Цигахь, дӀаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тӀера кемсийн хорха тӀехь йолу га хадийра цара. И га гӀуркхана тӀе дихкира, ткъа гӀуркх шина стага хьалаайина дӀабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара.

[25] Оцу меттигна Ашкул цӀе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш.

[26] Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.

[27] Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира.

[28] Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш.

[29] Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь.

[30] НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».

[31] Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».

[32] Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!»

[33] Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш.

[34] Цигахь тхуна гира Ӏаьнакхан тӀаьхьенах схьабевлла болу даккхий догӀмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цӀоз долуш санна хетара тхуна, церан бӀаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters