[1] Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тӀаьхьа шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:
[2] «Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀорра а боьршачу стеган цӀе дӀаязъе.
[3] Ахьа а, АхӀарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тӀеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчеран хьесап де.
[4] Шайн доьзалехь баьчча волу хӀора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца.
[5] Шуьца хинболчу нехан цӀераш хӀорш ю: Раабанан тӀаьхьенах – Шидауран кӀант Элицур;
[6] ШимӀин тӀаьхьенах – Цура-Шидин кӀант Шелумиал;
[7] ЯхӀудан тӀаьхьенах – Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;
[8] Исраилан тӀаьхьенах – ЦуӀаран кӀант Натунаил;
[9] Забулан тӀаьхьенах – Хьелонан кӀант Элиаб;
[10] Юсупан кӀентех: Эпрайман тайпанах волу ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ а, Маннашан тӀаьхьенах волу Падацуран кӀант Гамлиал а;
[11] Бен-Яманан тӀаьхьенах – ГидӀонин кӀант Авдани;
[12] Данан тӀаьхьенах – Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар;
[13] Ашаран тӀаьхьенах – Ӏухранан кӀант ПагӀиал;
[14] Гадин тӀаьхьенах – ДаӀуалан кӀант Элъясайп;
[15] Напталан тӀаьхьенах – Ӏайнанан кӀант АхьираӀ».
[16] Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.
[17] ЦӀераш яьхна и нах шайца дӀабигира Мусас а, АхӀарона а.
[18] ШолгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дӀагулдира цара. ТӀаккха халкъо цаьрга дӀадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХӀора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цӀе дӀаязйора,
[19] Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.
[20] Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[21] Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бӀе стаг вара (46500).
[22] ШимӀин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[23] ШимӀин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе стаг вара (59300).
[24] Гадин тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[25] Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт стаг вара (45650).
[26] ЯхӀудан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[27] ЯхӀудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе стаг вара (74600).
[28] Иссарханан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[29] Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе стаг вара (54400).
[30] Забулан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[31] Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе стаг вара (57400).
[32] Юсупан кӀант волчу Эпрайман тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[33] Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бӀе стаг вара (40500).
[34] Маннашан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[35] Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бӀе стаг вара (32200).
[36] Бен-Яманан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[37] Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе стаг вара (35400).
[38] Данан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[39] Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара (62700).
[40] Ашаран тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[41] Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе стаг вара (41500).
[42] Напталан тӀаьхьенах дӀаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хӀораннан цӀе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гӀуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.
[43] Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
[44] Уьш бара Мусас а, АхӀарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХӀора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш.
[45] Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гӀуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап.
[46] Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг (603550).
[47] Ткъа левихой ца богӀура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа,
[48] хӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера:
[49] «Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де.
[50] Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегӀашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хӀуманна а тӀехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гӀуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дӀахӀоттабайта цаьрга.
[51] Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тӀе левихойх воцу цхьа стаг тӀегӀортахь, иза вуьйр ву.
[52] Исраилан тӀаьхьенах волу хӀорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, саца веза.
[53] Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тӀехь оьгӀазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу».
[54] И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.