Skip to content
Opens in a new window

[1] Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна.

[2] Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира:

[3] «Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш

[4] тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду».

[5] Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».

[6] Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду?

[7] Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан?

[8] Аса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза.

[9] Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш.

[10] Цу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира:

[11] „Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела.

[12] Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“.

[13] Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц.

[14] Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна.

[15] Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу».

[16] Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю.

[17] Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха.

[18] Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо.

[19] ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».

[20] Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь,

[21] нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь,

[22] нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду.

[23] Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду!

[24] Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».

[25] Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг.

[26] Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду.

[27] Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».

[28] Мусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а.

[29] Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тӀамана кийча волу хӀорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола.

[30] Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош».

[31] Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха.

[32] Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».

[33] Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а.

[34] Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер,

[35] Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа,

[36] Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара.

[37] Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим,

[38] иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара.

[39] Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира.

[40] Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира.

[41] Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо.

[42] Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а дӀалецира. Оцу гӀалина, Нобахьа аьлла, цӀе тиллира цо.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters