Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Ӏариба-тогӀи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агӀор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахӀаб а вукху агӀор яра.

[2] (СеӀир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьӀе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)

[3] ШовзткъалгӀачу шеран цхьайтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хӀара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тӀедиллинарг дара.

[4] Хьешбон-гӀалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тӀехь а, Ӏаштарат-гӀалахь а, ЭдреӀи-гӀалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ӀовгӀина тӀехь а Мусас толам баьккхинчул тӀаьхьа дара иза.

[5] Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хӀокху товрат-хьехамах кхето дӀаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:

[6] «Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хӀокху ламан уллохь севцина Ӏан!

[7] Хьала а гӀовттий, новкъа довла, дӀагӀо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Ӏариба-тогӀене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тӀе, НегӀаб-аренга, хӀордан йистошка. КанаӀанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тӀекхаччалц Ливанун-махка а дӀагӀо.

[8] ХӀара латта Ас хӀинца шуна дӀалуш ду. Чу а гӀортий, шайн дола даккха и латта, хӀунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тӀаьхьа йолчу церан тӀаьхьенна а дӀалур ду аьлла ваӀда дина латта ду иза“».

[9] «Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду.

[10] Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хӀинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.

[11] Шун дайн Везачу Дала шу хӀинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.

[12] Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дӀакхоьхьур ду?

[13] Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТӀаккха ас уьш, шуна тӀехь хьаькамаш а бина, дӀахӀиттор бу“.

[14] Аша соьга жоп делира: „Дика гӀуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла.

[15] Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тӀехь хьаькамаш хила дӀахӀиттийра: эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тӀехьоьжурш а бина, дӀахӀиттийра шун тайпанашкахь.

[16] Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гӀуллакхашка ладогӀа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тӀевеанчуьнца и гӀуллакх доьзна делахь.

[17] Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цӀеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хӀунда аьлча кхел – Делан гӀуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гӀуллакх суна тӀе схьада, ас ладугӀур ду цуьнга“.

[18] Аса хӀетахь шуна тӀедиллира аша дан мел дезарг».

[19] «Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тӀе-ма-диллара дӀа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тӀе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьӀе кхечира.

[20] ТӀаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тӀе даьхкина шу.

[21] Шун Везачу Дала шуна дӀалуш ду хӀара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дӀа а гӀой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.

[22] Амма аша массара а, суна тӀе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тӀегӀур долчу гӀаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.

[23] И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хӀора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира.

[24] Уьш, дӀа а бахана, лаьмнаш тӀе а бевлла, Ашкул-тогӀенна тӀе а кхаьчна, цуьнга бӀаьрг а тоьхна, дӀасахьаьвсира.

[25] Оцу лаьтта тӀера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.

[26] Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира.

[27] Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дӀа а делла, хӀаллакдархьама.

[28] Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гӀаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чӀагӀонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Ӏаьнакх цӀе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.

[29] Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.

[30] Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тӀом бийр бу, Мисар-махкахь шун бӀаьргашна гина ма-хиллара.

[31] Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.

[32] И дерриг а шайна гуш доллушехь, тӀаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу.

[33] Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цӀарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».

[34] «ТӀаккха, шун дешнаш дӀахезча, Веза Дела оьгӀазвахара. Цо чӀагӀо йира:

[35] „ХӀокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваӀда дина долу дика латта, – аьлла. –

[36] И латта Епунин кӀант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дӀалур ду, цунна а, цуьнан кӀенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тӀаьхьа хӀоттарна“.

[37] Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгӀазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тӀе.

[38] Хьан гӀоьнча волу Нунин кӀант ЮшаӀ вер ву оцу лаьтта тӀе. Иза тӀечӀагӀве, хӀунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.

[39] Аша царах лаьцна, уьш мостагӀийн хӀонс хилла дӀахӀуьттур ду, баьхна долу а, хӀинца а дика а, вон а хӀун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тӀе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду.

[40] Ткъа шу, дӀа а дерзий, Эрзийн-хӀордана тӀе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дӀагӀо.

[41] ХӀетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хӀораммо а тӀемалочун хуьлучу герзаца гӀодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тӀе довла сацам бира аша.

[42] Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДӀаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тӀе, ма бе тӀом, шайн мостагӀашка шаьш эша ца дайтархьама, хӀунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“.

[43] Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тӀе девлира.

[44] Оцу лаьмнашна тӀехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеӀир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тӀе кхаччалц йолу меттигашкахь.

[45] ТӀаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».

[46] «Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».

Карлабаьккхина хьехам — Chapters