[1] Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.
[2] И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира:
[3] «Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара.
[4] Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».
[5] Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира.
[6] Везачу Эло Мусага жоп делира:
[7] «Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде.
[8] Ткъа Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, хӀара дӀахьедар де: „Нагахь цхьаннан кӀант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоӀана дӀадала деза.
[9] Ткъа нагахь стеган йоӀ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дӀадала деза.
[10] Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дӀадала деза цуьнан ден вежаршна.
[11] Ткъа нагахь санна цу стеган ден вежарий ца хиллехь, и лаьттан дакъа цуьнан гаранехь уггаре а юххера волчу гергарчу стагана дӀадала деза, иза цуьнан дола а доккхуш. Веза Эла волчу Аса Мусана тӀедиллина ма-хиллара, исраилхошна юкъахь долу парз хир ду иза“».
[12] Везачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте.
[13] Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара,
[14] хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
[15] Мусас Везачу Эле жоп делира:
[16] «Ва Веза Эла, муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела, хӀокху халкъана тӀехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа,
[17] халкъ дӀадуьгун волу а, тӀом бечу хенахь нахана тӀехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Ӏу воцу жа санна ца дисийтархьама».
[18] ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кӀантана ЮшаӀана хьайн куьйгаш тӀедахка.
[19] Иза, динан дена ЭлиӀазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дӀа а хӀоттавай, царна хьалха урхаллин гӀуллакх дарна къобалве.
[20] Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь хилийтархьама.
[21] ЮшаӀ динан да волчу ЭлиӀазарца воьзна хир ву, хӀунда аьлча ЮшаӀана тӀера ЭлиӀазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цӀе йолчу безачу тӀулгаца. Везачу Элан тӀедилларца ЮшаӀ а, дерриге а Исраилан халкъ а тӀаме дӀагӀур ду я юхадоьрзур ду».
[22] Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира Мусас. Динан дена ЭлиӀазарна а, дерриг халкъана а хьалха дӀахӀоттийра цо ЮшаӀ.
[23] ЮшаӀана тӀе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара.