[1] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
[2] «Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дӀахӀитто деза. ХӀора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дӀахӀотто беза.
[3] Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона.
[4] Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе тӀемало ву (74600).
[5] ЯхӀудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ЦуӀаран кӀанта Натунаила.
[6] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (54400).
[7] ЯхӀудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кӀанта Элиаба.
[8] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе тӀемало ву (57400).
[9] ЯхӀудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе везткъе ялх эзар виъ бӀе стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дӀабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.
[10] Къилбехьа йолчу агӀор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Шидауран кӀанта Элицура.
[11] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бӀе тӀемало ву (46500).
[12] Раабанан тайпанна юххехь ШимӀин тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кӀанта Шелумиала.
[13] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе тӀемало ву (59300).
[14] Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду РаӀалан кӀанта Элъясайпа.
[15] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (45650).
[16] Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бӀе шовзткъе итт стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шолгӀачу меттехь хир бу.
[17] Цул тӀаьхьа гуламан четар а, иза дӀахьош долу левихойн тайпа а дӀагӀур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тӀаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дӀанисдина кеп ма-хиллара, дӀагӀур бу уьш. ХӀора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.
[18] Малхбузехьа йолчу агӀор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа.
[19] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (40500).
[20] Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Падацуран кӀанта Гамлиала.
[21] Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бӀе тӀемало ву (32200).
[22] Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ГидӀонин кӀанта Авданис.
[23] Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (35400).
[24] Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе бархӀ эзар цхьа бӀе тӀемало ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дӀабоьлхуш кхоалгӀачу меттехь хир бу.
[25] Къилбаседехьа йолчу агӀор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара.
[26] Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе тӀемало ву (62700).
[27] Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏухранан кӀанта ПагӀиала.
[28] Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе тӀемало ву (41500).
[29] Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа.
[30] Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (53400).
[31] Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе вуьрхӀитта эзар ялх бӀе тӀемало ву. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тӀаьххьарчу меттехь хир бу».
[32] Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало вара (603550).
[33] Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Исраилан тӀаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира.
[34] Иштта Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дӀахӀуьттура уьш, ткъа иштта, хӀорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дӀабоьлхура уьш.